ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь Jony-н концерт хилийта дуьхьалберш "къамеле" кхайкхинаКадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Соьлжа-ГIалахь Оьрсийчоьнан иллиалархочун Jony-н концерт хIоттош бинчу сацамна луьйш болчарна кхерамашца кхайкхамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Резабоцурш "диллинчу къамеле" кхайкхина цо марсхьокху-беттан 31-чохь Соьлжа-ГIаларчу дезачу денна барамаш хIитточу ЦIийне.

Регионалан куьйгалхочо бахарехь, республике иллиалархо кхайкхинчу цуьнан йоIера, культурин министрера Кадырова Iайшатера а, и "цунна магийначу" цIийндегара а социалан машанашкахь бехкаш даьхна. Царна жоп лучу хьаькамо дIахьедина оцу концертехь цуьнан доллу зудабераш а хIусамнана а, ларавахь, ша а хир ву аьлла.

"Хьанна моьттура, вевзаш волчу иллиалархочун Jony-н концерт кеста Соьлжа-ГIалахь хир ю аьлча, динан дилетанташ реза хир боцийла. Хьажахьа, стенна делахь а тахана меттахбевлла диванан Iеламчаш, шайгара кхоьллинчу бахьанашца концертах лаьцна йолу тема а, сан доьзал а бийца, иштта пайдабоцчу хIуманна тIехула а, публикацина йина лайк санначу, бехкаш дохуш", - яздина Кадыровс телеграмехь.

Комментариш йийраш дукха хьолахь тIетовжу дино мукъамаш а, оцу кепара барамаш а бихкина хиларна, иштта нохчийн гIиллакхашца догIуш цахиларна а. "ЦIахь божарий боцу зудабераш гIур ду цига", - яздо цхьаммо. "Дала гена дохийла вай цига гIур болчарна", - боху вукхо. "Оцу тайпа концерташ исламан республикехь ца хIиттор гIоле ду", - аьлла хета кхечунна.

"Провокаторшка" вистхьулуш видео дIаязйина иштта Нохчийчуьрчу информацин министро Дудаев Ахьмада а. "Кху заманан культурин" критикашна жоп лучу цо хаамбина, нохчийн менталитетца йогIуш йоцу цхьа композици культурин министраллин цензурехула чекхйолуьйтуш яц.

  • JONY (Джахид Афраил оглы Гусейнли) – гоьваьлла Оьрсийчоьнан иллиалархо а, азербайджанхойх схьаваьлла поп-музыкин автор а ву. Цуьнан концерт хир ю Соьлжа_ГIалахь лахьан-беттан 4-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG