ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Соьлжа-ГIалахь жамI гайта гIерта". Европера нохчий Оьрсийчоьно дIабехар


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Европехь бехачу Нохчийчуьра а, Къилбаседа Кавказера а схьабевллачарна тIехьяьлла хьийза Оьрсийчоь Интерполехула а, Шенгенан SIS хаамийн системехула а, дIахьедо бакъоларъярхоша. Малхбузено Оьрсийчоь агрессор лаьрра йоллушехь, оцу тайпа хиламаш нисло Украинера тIом болабеллачул тIаьхьа а. Европехь мухIажаран статус йолу наханна а цхьана тIаьхьбовлу. Кавказ.Реалиино юьйцу церан историш.

Товбецан-беттан 6-хь Австрехь мухIажаран статус йолу Нохчийчуьра схьаваьлла стаг дIалаьцира Эстонехь. МухIажаран адвоката Австрин полицига кехат дахьийтина хиллера, тIаккха цунна деллачу жоьпехь дийцина, нохчочунна дуьхьал дIахьош экстрадицин процессаш ца хилар. МухIажарна моьттина, ша Оьрсийчоьно Интерполехула лоьхуш вац, аьлла. Шен балхаца Эстоне кхаьчна иза, тIаккха цигахь дIалаьцна. Цуьнан гергарчара бахарехь, иза хьалха Финлянде вахана хиллера, амма ша лоьхуш хилар цунна дагахь дацара. Товбецан-беттан 12-хь дIахецна иза.

Цул де хьалха, товбецан-беттан 5-хь, немцойн полисхоша дIалецира рогIерчу ханна Австрехь вехаш волу нохчийн кхин мухIажар. Цо ца хууш австрин-немцойн доза хадийна хиллера, тIаккха полицин патруль тIекхаьчнера цунна. Кехаташ теллиначул тIаьхьа иза полицин декъе валийра, тIаккха лаьцна витира. ТIаьхьо цуьнан доьзале хаам бира, иза Интерполехула Оьрсичоьно дIавехаран бахьанца дIалаьцна, аьлла. 2000-гIа шераш долалуш цо Оьрсийчоьнна дуьхьал Нохчийчохь тIом барна бехкево иза. Иза дIахийцира товбецан-беттан 8-хь.

ЦIерш полицино ца йохура, церан кхерамазалла ларъярхьама – иза дехна дIалецначийн гергарчара.

Депортациш дIаяьхна яц

Европехь бехачу нохчашкара а, кхинйолчу Кавказан регионашкара а схьабевллачара тIом болабелчхьана сих-сиха доьху бакъонаш ларъярца орца, боху нохчийн бакъоларъяран "Вайнфонд" организацехь. Церан векало бахарехь, бехкаш дахкар дукха дац: йа Нохчийчуьрчу тIамехь дакъа лацар, йа терроризм, йа рогIера зуламаш. Оьрсийчоьно экстрадици йар тIедожадо, амма организацин векало дийцарехь, мухIажар дIа а лаьцна, Оьрсийчоьнца дийцарш дар - низамца догIуш дац.

"Низамехь доцуш дIалецначара гIо доьху. Стагна хаа йиш ю ша цхьа а зуламаш ца лелийнийла, амма Интерполо тIелоцу цуьнан хьокъехь Оьрсийчоьно даийтина арз, тIаккха и стаг миччахь а дIалаца тарлуш хуьлу. Цул тIаьхьа шен хан, ахча, нерваш а яйъа деза цуьнан, иштта адвокат лаца а, бехказвийла а, набахтехь хан яккха а деза цуьнан, таллам чекхбаллалц", - дуьйцу къамелдечо.

Оцу хьокъехь "Вайфондо" дIахьедина, керла кейсаш тIе ца лоцу шаьш, аьлла – хIинцле а дукха гIуллакхашна тIехь болх бу дIахьош. "Цхьайолу европхойн пачхьалкхаш Оьрсийчоьнна муьтIахь хила гIерташ санна хетало", - боху ассоциацехь.

Германехь йолчу нохчийн бакъоларъяран организцаин векало бахарехь, Германин, Эстонин полисхоша, шаьш стаг дIалацаран бух балабо, иза Шенгенан (SIS) хаамийн системан "Iаьржачу тептарехь" хиларца, къаьсттина Оьрсийчоьно дIавехар дац цуьнан бахьана. Шенгенан барт беш кхоьллина къоьвлина хаамийн база ю иза, цига юкъайогIучу пачхьалкхех цхьаннан дозанехь хила хьашт а боцуш, лехамешкахь болчу нехан информаци ю цигахь гулйина.

Лаьцначу шинна а нохчочо хьалха гIо дина Нохчийн республикехь хиллачу дуьхьалонна, иштта даймахкахь репрессеш лелийна царна дуьхьал.

Цуьнгахь паспорт дацахь, цунна тховкIело еллачу пачхьалкхаца зIене яла еза полици, тIаккха дIахеца веза хаамаш листиначул тIаьхьа

"Стаган карахь мухIажаран паспорт далахь, Интерполехула иза дIалацар низамца догIуш дац. Паспортехь яздина хуьлу, иза Женеверчу конвенцица а догIуш делла хилар. Вуьшта аьлча, стеган хьокъехь таллам бина хьалххо. Иза дIахеца веза. Цуьнгахь паспорт дацахь, цунна тховкIело еллачу пачхьалкхаца зIене яла еза полици, тIаккха дIахеца веза хаамаш листиначул тIаьхьа", - чIагIдо "Вайфондехь".

Оьрсийчоьнан европхойн пачхьалхашца юкъаметтигаш хIаллак хиллехь а, хьалхо йолийна депортацин процессаш хIинца а сацийна яц, тIетоьхна "Вайфондехь". Бакъоларъярхошна деллачу цхьадолчу жоьпехь Швецин миграцин сервисо дIахьедина, Оьрсийчохь бакъонан кхел ю, цигахь кхерамазаллехь ваха йиш ю, оппозицин политикан хьежамаш делахь а.

"Царна ца тайна тхо Европехь хилар"

МухIажаран статус йолуш лаьцначу цхьаволчу нохчочун вашас дийцина Кавказ.Реалиига, товбеца-беттан 2-хь шен гергара стаг Австрин дозанехула хьошалгIа воьдуш вара, аьлла. Ца хууш новкъах а воьхна, Германин доза хадийнера цо. Дозанан уллорчу Фрайлассинг гIалахь царна полицин машен тIаьхьа елира. Иза дIалоцучу хенахь полисхоша элира цуьнан веше, оьрсийн арзнехь аьлла ду, цо Нохчийчуьрчу тIеман тийсдаларшкахь дакъа лаьцна, аьлла.

2000-чу шарера 2004-чу шаре кхачалц – иза тхан къам хIаллакдаран зама ю

"Вешин доьзал дIабига со веъча, цуьнан зуда кхоьрура, Германин дозанахь ша а дIалоцург хиларх. Вашас соьга а, биссинчу гергарчаьрга а Австрера дIа ца бахар дийхира. Цо бахарехь, тхо а ду лехамашкхь", - аьлла цо. Цуьнан вешига цкъазза телефонехула зIене вала пурба делира, тIаккха хаам бина цо, ша Оьрсийчоьнан орзанна тIехула лаьцна хилар.

2004-чу шарахь дуьйна веха иза шен вешица Австрехь, складехь болх а бо, дийцина мухIажаро. ДIалацар бахьанехь цуьнан ваша балхара вохийна. Кехат даийтина, болх лучунна ца хаьа иза маца юхавоьрзур ву. Шен хиллачу дахарех лаьцна къамелдечо иштта дуьйцу:

"2000-чу шарера 2004-чу шаре кхачалц – иза тхан къам хIаллакдаран зама ю. Суна а, сан вешина тIаьхьа бевллера, дIалоьцура, Iазапехь латтавора. Тхан вежаршна гIо дан гIертара тхо. Бепигаца, машенашца а гIо дора".

Соьлжа-ГIала, 2004-гIа шо
Соьлжа-ГIала, 2004-гIа шо

Цо бахарехь, ши бутт хьалха Нохчийчохь кадыровхоша церан гергара нах дIалецна. Цаьрга хеттарш дича ницкъахошна гучуделира, ши ваша Австрехь вехаш хилар. Иштта кадыровхошна церан суьрташ а кара деара, лаьцначу йижаршна уьш дIа а гойтуш, царна кхерамаш тийсина цара.

"ВидеозIенехула тхан йишас телефон тоьхнера тхоьга, амма иза дош ала а кхоьрура, куьйгашца гойтура цо, кхетийра, ша мича йигинера а, хIун хеттарш дира а. Телефоне ладоьгIуш цхьаъ хилахь проблемаш шена ца хилийта, кхечу агIор элира цо, ша кадыровхошка "хьошалгIа яхнера". Кадыровхоша цаьрга дуьйцура, тхойша Украине а вахана Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом беш ву, бохуш. Нохчийчохь цхьа а низамаш болх беш дац, оьрсийн, йа нохчийн. Оцу кIиллочун низамаш диссалц. Тхо Европехь дехаш хилар ду царна новкъа. ДIабахначу нохчашна тIехь "жамI дан" гIерта Кадыров, Путинна шен муьтIахь хилар дIагайтархьама", - дийцина къамелдинчо.

Цо тIетоьхна, хьалхо ша лаьцнера Германехь, тIаккха адвокатан гIоьнца, цуьнан аьтто баьллера шен бакъонаш къовса.

ЦIахь биссинчу тхайн йижарех саготта ду тхо, цундела цанхьа а тхайн позицих лаьцна ца дуьйцу оха

"Царна сан ваша лехамашка хилар хууш хилча, цара хаам бан безара, полицица зIене бовла безара. Ткъех гергга шарахь тхан цхьа а конфликташ ца хилла, йа низамца проблемаш а. Тхо кегийра дац, цанхьа юкъа ца гIерта тхо, цхьа а девнашкахь дакъа ца лаца а гIерта. Тхо болх беш ду, доьзалан гIуллакхаш луьстуш а. Цул сов, ЦIахь биссинчу тхайн йижарех саготта ду тхо, цундела цанхьа а тхайн позицих лаьцна ца дуьйцу оха", - боху къамелдечо.

Лаьцначун доьзало Германин Австрера консульстве латкъам бина. Цигахь царна хьехна, Берлинерчу Австрин векалтнера орца дехар – амма доьзал хIинца а кхоьру Германе баха.

Путинан рожан "билгало"

Украинера тIом болабелчхьана Европехь бехачу нохчийн гергарчарна тIехь бен Iаткъам совбаьлла, дуьйцу "Толам" комитетан куьйгалхочо, нохчийн диаспоран юкъараллин гIуллакххочо Сулейманов Джамбулата.

"ХIинца кадыровхой мелла а дукха "лаамхой" гулбеш хьийза, уьш Украинерчу тIаме хьийсорхьама. Амма Европехь бехачу нохчашна тIе Iаткъам баран болх а бац цара сацош. Аьрзнаш хьежадо, Интерполехула а цхьана, нахана депорташ яйта гIерта. Оцу тайпа хиламаш ду Германехь, Швецехь, цигахь нехан аьтто баьлла шайн бакъонаш къовса. Румынера Гериханова Аминин г1уллакх – иза а ду оцу рог1ера".

Полицин хьежам а, Оьрсийчоьно кхоьхьуьйтучу аьрзнашка Германин болу хьежам а боьзна бу, дIалацар хиллачу федералан латтех, билгалдоккху Сулеймановс.

"Нагахь санна лаьцна стаг церан кара лохь, иза кхин а цхьаъ ерсттина "галочка" хир ю, Путинан рожан нохчийн гIаттамхошна тIехь тоьлла хиларан билгало санна", - боху цо.

ХIара материал арахеца кечъечу юкъанна хиира, Интерполан комиссино дуьненаюкъарчу лехамашкара дIабаьхна шиъ Нохчийчуьра а, цхьаъ Дагестанера а схьабевлларш, Оьрсийчохь уьш низамехь йоцуш герзаца цхьанакхетарараллехь дакъа лацарна бехкебо - церан массеран а Евробертехь а, Великобританехь а мухIажарийн статусаш ю. Хьалхо Интерполе кхайкхам бинера "Вайфонд" организацино. Арзнаш чуделлачийн кхерамазалла ларъярхьама церан цIерш ца йоху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG