ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалара кхело доьалгIа духьало йина артистана Дебишевна ницкъбарх бина латкъам талла


Дебишев Тимур
Дебишев Тимур

Соьлжа-ГIалара кхело доьалгIа духьало йина артиста Дебишев Тимура чуделла арз талла. Шена тIехь ницкъбина хиларх гIуллакх дуьхьал даккхиийта хьийза иза. Хьалха а санна, Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелехь къовсур ду цо, хаамбина Кавказ.Реалии сайте "Iазапашна дуьхьал Команда" бакъоларйаран организацин юристаша.

Цара бахарехь, Дебишевн дIахьедар луьстуш ду къаьсттина коьрта гIуллакхаш толлучу декъо, Соьлжа-ГIалара Висаитовн-кIоштана чудогIу и. Амма цигара массо а суьдхоша латкъамаш зийна, цундела хьалхарчу инстанцин кхечу кхеле гIуллакх дехьадаккха лууш бара уьш.

"Дехар луьстучу заманчохь кхелан штате керла суьдхо йеара Татхуджиева Залина, гIуллакх цуьнан карра деллера, амма латкъам кхочушбан дуьхьало йира йуха а", - дийцина редакцига "Iазапашна дуьхьал Командо".

Кхул хьалха хилла кхо дуьхьало дIатеттира Нохчийчура Лакхарчу кхело, бух бац аьлла, гIуллакх кхин цкъа а листа йухахьажадора. Юристаш лерина бу и сацам а къовса.

2018-чу шеран лахьан-баттахь Дебишев Тимура гIо дийхира "Iазапашна дуьхьал Команде", цо латкъам бира Соьлжа-ГIаларчу полицин декъехь шена йиттина, хеттарш дан валийначу хенахь аьлла. Актеран номер карийнера полисхошна наркотикаш лелорна бехке йечу йоьIан телефон чохь.

Дебишевс чIагIдарехь, полисхоша ток йеттийтинера цунна, пенах корта биттинера, садукъош, сийсазаллаш лелийнера тIехь, цхьахволу белхахо гихь лелавойтуш, наркотикаш лелочийн цIераш йийца бохуш.

  • Охан-баттахь оппозицн жигархошна Соьлжа-ГIалахь керла къайлах набахте хилар гучуделира, цигахь кест-кеста нах сецабо, царна тIехь гIело латтайо аьлла. Жигархойн дIахьедарца, транспортан ОМОН-н гIишло чохь йу и. Цуьнан куьйгалхо ву Хизриев Адам. ЧIагIдо, территори тIехь йуьстах чоь йу бохуш: цу чохь ток йоьттуьйтуш, йетташ, хеттарш до лецна балийначу нахе. Набахтехь бакъо йоцуш нах латтон тарло беттанашкахь.
  • 2022-чу шарахь Нохчийчухула цхьа гIуллакх айдина дац полицихь нах хьийзорна тIехула.
  • Лахьан-бутт бовш Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело цхьа могIа сацамаш тIеийцира Оьрсийчоьнан бахархоша шаьш бакъо йоцуш лецарх, талламаш дIахьочу хенахь харцонаш лелорах, бакъонаш хьешарх, адамалла йоцчу кепехь, сийсазалла шайца лелорах, иштта талламан изоляторшкахь а, кхелашкахь а цхьаьна, диначу арзашкахула. ДIахьединчарлахь бу Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бахархой.
  • Кху шеран зазадокху-баттахь Европера адамиийн бакъонашкахула йолчу кхело чуийцира, тIехь гIело латторах Оьрсийчоьнан 37 вахархочо чуделла арз. Оьрсийчочьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а ду царехь 14 арз – бу царлахь Дебишев Тимуран латкъам а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG