ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалара Мариуполе. Оьрсийчоьно Нохчийчохь бинчу тIамах дош ца аларан мах


Соьлжа-ГIала, 1996-чу шеран чиллан-бутт
Соьлжа-ГIала, 1996-чу шеран чиллан-бутт

Оьрсийн эскархой буьззинчу барамехь Украинан дозане 2022-чу шеран чиллан-беттан 24-хь чугIортарх цIий Iеноран тIом хилира, эзарнаш нах бойъуш, бахархойн хIусамаш, маьршачу индустрин объекташ йохош. Аналитикаша, эксперташа а сих-сиха бусту Украинехь 10 баттахь боьду тIом Нохчийчохь 90-чу шерашкахь хиллачуьнца – йозуш цахилар дIакхайкхина йолчу республикан дозане оьрсийн федералан эскарш гIоьртича.

Оьрсийчоьнан тIемаш: бохамаш, маьрша нах байъар

Оцу шина бохамашна йуккъера уьйр дика къаьсташ йу – Нохчийчохь, хIинца Украинехь санна, гIаланаш, йарташ йохийнера, иттанаш эзар маьршачу бахархошна зенаш хилира.

1994-чу шарахь Нохчийчоьнан инфраструктурина бинчу эшамийн барам хIинца а билгалбаьккхина бац. Амма хууш ду, тIеман тийсдаларша йохийра шортта гIаланаш, йарташ. Кхин а атта дац хьалхарчу нохчийн-оьрсийн тIемашкахь мел маьрша нах байъина къасто а. Оьрсийн бакъоларйархочо, йуха а кхоьллина йолчу адамийн бакъоларйаран "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра шен "Терахьийн книга. Эшамийн книга. Кхерамечу кхелан книга" бохучу талламехь, цхьатерра хьасташна тIе а тевжаш, билгалдоккхура, 30-40 эзар байъинчу нахах лаьцна Госкомстато сацам бина бохуш. Оцу тайпа терахьаш тоъал нийса цахилар шайна кхеташ хиларна "Мемориало" "50 эзарал кIезга" аьлла мах хадийра. 30 000 тIера 40 000 тIе кхачалч эшамаш хилла аьлла мах хадабо дукхахболчу эксперташа.

Statista талламийн дакъо дагардарца, оьрсийн чугIортарна бахьанехь Украинан нах бехачу объекташна хилла зенаш 2022-чу шеран гезгмашин-баттахь 50,5 млрд Американ долларан барамехь дара. Кхин а 35,3 млрд – транспортан сфера йохорна хилла зенаш ду. 2022-чу шеран чиллан-беттан 24-хь дуьйна тIамехь Украинина хиллачу зенийн йуккъера барам 127 млрд американ долларан барамехь ду.

ООН-н адамийн бакъонехула йолчу Лаккхарчу комиссаран урхалло 2022-чу шеран гIуран-беттан 19-хь 17 595 маьрша нахаца эшамаш хиларх дуьйцу: буьззинчу барамехь Украинера тIом болабелча 6826 стаг вийна, 10 769 лазийна.

Оьрсийчоьно оккупаци йина Мариуполь, 2022-чу шеран лахьан-беттан 16-хь
Оьрсийчоьно оккупаци йина Мариуполь, 2022-чу шеран лахьан-беттан 16-хь

Оцу тIемашкахь хиллачу зенийн барамаш бустуш, возуш воцчу тIеман эксперта Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь билгалйаьккхина Соьлжа-ГIалина а, Мариупольна йукъара уьйр.

"Нохчийчоьнан а, Украинан а латтанийн барам тидаме эцча, тамашена хир дара уьш йустар, амма бахархойн терахь цхьатерра долу ши гIала йуста мегар ду. Мариуполь а, Соьлжа-ГIала а йерриг аьлча санна йохийна йара, эзарнашкахь маьрша нах байъира. Мариуполан хьокъехь билггал мах хадийна бац цкъачунна, амма мухха делахь а, Мариуполехь масийтта эзар стаг вийна ала йиш йу. ТIе бомбанаш кхийсина хIаллак хилларш хилла ца Ia уьш, масала, лоьрийн гIо ца кхаьчнарш, инсулин доцуш биссинарш а – тIамо лач зенаш динарш, церан терахь билггал мел ду ала аьтто бац", - кхетаво эксперта.

Цо бахарехь 1994-чу шарахь Соьлжа-ГIалина дина тIелатар 2022-чу шарахь Мариупольна диначух тера ду: го бар, буьрса тохарш дар, оьрсийн эскарехь лакхара тIеман кечамаш дацахь а, эпсарийн говзалла лахара хиллехь а, амма цара саццанза тIегIоьртина тIелатаран операцеш дIахьора.

ТIеман орамаш

Укрианера таханалера тIом – и Нохчийчохь хиллачу тIамехь дош ца олуш Iаран тIаьхьало йу, аьлла хета 1993-1998-чу шерашкахь Нохчийчоьнан конституцин кхелахо хилла волчу Гериханов Ихванна. Бакъоларйархочо, журналиста Черкасов Александра Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу интервьюхь билгалдоккхура, хIинца Украинехь хуьлучух доккха дакъа оьрсийн исторехь хилла ду Нохчийчуьрчу тIемашкахь, амма дуьненан йукъаралло тергамза дитина ду.

Малхбузерчу пачхьалкхийн аьтто бацара оьрсийн-нохчийн хьалхарчу, йа шолгIачу тIемашна йукъагIерта, хIунда аьлча и дан бахьанаш, йа хьелаш дацара, билгалдоккху Прагерчу Карлован университетан политологин факультетан йукъараллин Iилманийн профессоро Эмиль Аслана.

Жимачу Нохчийчоь бахьанехь Оьрсийчоьнца цхьа а девнаш ца оьшура Малхбузенна, цигахь хилла йолу дог-ойланаш тидаме эцча - муххале а

"Уьш (Малхбузе. – Ред. билг.) йукъагIоьртинехьара, цара Оьрсийн Федерацин цхьаалла къобал ца йо бохург хир дара цунах. Дера Нохчийчийчохь инзаре хIуманаш хуьлура, амма 90-чу шерийн контекстица хьаьжча, жимачу Нохчийчоь бахьанехь Оьрсийчоьнца цхьа а девнаш ца оьшура Малхбузенна, цигахь хилла йолу дог-ойланаш тидаме эцча - муххале а. Цундела дукхачунна бIаьргаш дIакъевлира. Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх санна, дуьненайукъарчу политикехь ладаме боцу хилам санна хетара Нохчийчоь. ХIетахь массарна а лаьара Оьрсийчоьнца бизнес лело, ур-атталла шолгIа нохчийн кампанехь а билггал къаьсташ дацара, мила ву Путин Владимир", – кхетадо политолого.

Цунна хетарехь, 90-чу шерашкахь Нохчийчохь хилларг тахана Украинехь хуьлучул а ирча хьал дара. ХIунда аьлча жима Нохчийчоь йерриг аьлча санна йохийна йара, иттанаш эзарнаш нах хIаллакбинера, федералхоша гIаттамхой байъина ца Iаш, церан доьзалш хIаллакбора. Амма дуьненайукъарчу бакъонашца дуьстича, Нохчийчоь Оьрсийчоьнан доза санна лоруш йара, цундела дуьненарчу йукъараллин аьтто бацара нохчашна оцу пачхьалкхах дIакъастарехь гIо дан.

"Оьрсийн Федерацех маьрша йацара Нохчийчоь, Украинаца дуьстича. Шен автомешна тIехь пачхьалкх ницкъбан хIоьттича, оцу гIуллакхе йолу ойла жимма кхечу агIор хуьлу, агрессии кхечу пачхьалкхана дуьхьал лелорца дуьстича. Иштта дагахь латто деза, барамашца, таронашца а Нохчийчоь – и Украина йац. Европхоша мах хадорца, Украина и инзаре йоккха пачхьалкх йу шен территорица – Европехь уггар йоккханиг", - аьлла хета Эмиль Асланна.

Эстонхойн политикан гIуллакхча, журналист Михкельсон Марко реза ву, Малхбузехь дукхачарна Нохчийчоь – и Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх хеташ хиларца. Амма цо билгалдоккху, дуьненан йукъаралло 90-чу шерашкахь Нохчийчохь хуьлурш тергамза дитаро аьтто бира, Оьрсийчоьхь цкъа а хилла боцу демократикан хийцамаш цкъа дуьххьара авторитаран а, тIаккха тоталитаран а диктатуре берзарехь.

"1996-чу шарахь Малхбузенан Германис Оьрсийчоь Европан Кхеташонан буьззинчу барамехь декъашхо санна тIелаьцча, ас со журналист волчу йукъанна редакцин артикл йазйира, цIех дуьзначу куьйгашца йолу Оьрсийчоь Европехь маракхета гIерташ тIелоцу аьлла. Амма хIинца, оццул шераш даьлча, Оьрсийчоь арайаьккхина Европан Кхеташонера. 30 шо эшна 90-чу шерашкахь дуьйна Нохчийчохь, Гуьржийчохь, Украинехь тIемаш беш йолчу Оьрсийчоьнах кхета", - боху Михкельсона.

Соьлжа-ГIалахь "Джихад" олу операци йоьдучу йукъанна. 1996-чу шеран марсхьокху-беттан 1-хь
Соьлжа-ГIалахь "Джихад" олу операци йоьдучу йукъанна. 1996-чу шеран марсхьокху-беттан 1-хь

Цунна хетарехь, малхбузенан дипломаташна 1994–1996-чу шерашкахь Нохчийчохь хиллачух лаьцна кIезга хаамаш девза, тIаккха шолгIачу тIамах лаьцна церан ойла харц кхоллайелла йу.

"Дукха нах хIинца а кхеташ бац, Оьрсийн Федерацино тахана Украинехь лелочун дуьххьара дакъа Нохчийчуьра тIом хилар. Суна цаьрга ала лаьа: хIай, накъостий, вай ойла йан йеза! Европера машар, къепе меттахIотто вай лууш далахь, вай кхета деза. Оьрсийчоьно шен империн амбицешкахь лелош долчу жоьпаллех кIелхьарайийларан орамаш мел кIоргера ду. Цундела ладаме ду, Нохчийчуьра тIом дагахь латтор а, цунах харцахь кхетачуьра йухадерзар а", - билгалдоккху эстонхойн политико.

Къамелдечо тIетуху, оьрсийн пропагандо нохчийн тIемаш, къаьсттина шолгIа тIом, "шен кепара исламан террораллица къийсам латтор санна гойтура, цундела йеххачу хенахь ша шен бахархошна дуьхьал лелийна къизаллаш, терроралла иштта атта къайладахьа аьтто баьлла цуьнан. Нохчийчоь шен латта а лоруш, тIаккх нохчий шен бахархой а лоруш, Оьрсийчоьно уьш хIаллакбина, и дагахь латто деза".

ТIом баран методаш: "Иштта нисделла и"

Британин тIеман министралло 2022-чу шеран охан-баттахь тIамерчу рогIерчу чоьтехь нисса дIахьедира, Украинерчу нах бехачу меттигашна тохарш дар Оьрсийчоьно Нохчийчохь лелийначух тера ду аьлла. Нохчийчуьрчу шина тIамехь болх бина йолчу New York Times зорбанан журналиста, тIеман репортеро Голл Карлоттас билгалдоккху, Нохчийчоь Украиница йуста аьтто бо Путино тIемаш даран методикаца.

ТIеман экспертана Шарп Давидна хетарехь, Нохчийчуьра а, Украинера а тIеманашкара уьйр 2014-чу шарахь дуьйна йолайелла. Цунна хетарехь, Оьрсийчоьно гIо латтош хиллачу Нохчийчуьрчу "оппозицица" 94-чу шеран аьхка дуьйна Дудаевс къийсам латтор дечкен-баттахь тIом болабалале хилира, иштта хиламаш дара 2014-чу шарахь Украинехь а.

"Оьрсийн салтий йийсаре а кхочуш дирзина долу тIелатар а, "иштта нисделла" боху дешнашца и кхетор а тера догIу 2014-чу шарахь Украинехь хиллачуьнца: "уьш цигахь бац" аьлла цIе тиллинчу нахаца – царна йуккъера уьйр ша-шеха гучуйолу", - кхетадо цо.

Йезачу артиллерино, авиацино хIаллакйо гIаланаш масех баттахь, маьршачу нехан дахар тидаме ца оьцуш

Цунах хIинца ма-аллара, боккха тIом бийца болийча, экспертана хетарехь, оьрсийчоьно лелош хилла тIом баран кепаш хийцайелла йац: баккъалла долу хьал ца довзар, мостагI ца ларар, талларан хаамаш цахилар, буьйранчаш говзалла йоцу хилар, къизалла, дуьненайукъара бакъонаш хьешар.

"Техническан меттигахь хийцайелла, амма оьрсийн эскаро тIеман тийсдаларш лелоран методаш хьалха хилларш йу. Оперативан стратегин планаш цхьанне агIор йогIуш йацара баккъала долчу хьолаца: мостагIчун ницкъана, цо йан тарлуш йолчу дуьхьалонна нийса мах ца хадабора, шайн эскаран хьолана санна. Даккхийра эшамаш хуьлуш доьрзу и тIаккха, вуно къизаллаш лелоре долу хьал, йезачу артиллерино, авиацино гIаланаш масех баттахь хIаллакйеш, маьршачу нехан дахар тидаме ца оьцуш", - кхетадо Шарпа.

Къилбаседа Кавказехула волчу аналитико Чемберс Гарольда, Нохчийчуьра хьалхара тIом Украинехь итт баттахь хуьлучуьнца бустуш, ши меттиг билгалйоккху: "Цкъа делахь, тIом дIабаьлча пачхьалкхана оьшуш йолу индустрии йохо гIерташ йу Оьрсийчоь. ШолгIа делахь, Украино а, Нохчийчоьно а цецйаьккхира Оьрсийчоь, шаьш йинчу дуьхьалонца а, шайн кхиамашца".

Чемберса билгалдоккху, Нохчийчуьрчу шина тIамехь санна, оьрсийн эскаро маьршачу меттигашна тIе тохарш до хIинца Украинехь а. ТIом баран паттерн лара мегар ду и.

Оьрсийчоьно тохарш дина гIеххьа дохийначу нах бехачу цIийнахь. Киеван кIошт, 2022-чу шеран гIуран-беттан 13-хь
Оьрсийчоьно тохарш дина гIеххьа дохийначу нах бехачу цIийнахь. Киеван кIошт, 2022-чу шеран гIуран-беттан 13-хь

ТIом боьдучу йукъанна Нохчийчу лелла волчу Эстонерчу политикана Михкельсон Маркана хетарехь, оьрсийн эскаро Украинерчу маьршачу наханна дуьхьал къиза ницкъ лелор 1994–1996-чу шерашкахь Нохчийчохь хиллачух тера ду.

"Соьлжа-ГIалина тIе бомбанаш кхийсар, базаршна, дарбан цIийнашна, школашна тIе тохарш деш, йерриг центр дуьненна тIера дIа а йоккхуш – и йу оьрсийн эскаро Нохчийчуьрчу тIамехь лелийна тактика. И дукха чIогIа тера ду тахана Оьрсийчоьно Украинехь лелочух. Иштта дагадоуьйтура вай, Нохчийчоь а, Соьлжа-ГIала а шина дийнахь хIаллакйан дагахь хилла Оьрсийчоь а, амма шайн маьршачу дахарна дуьхьа къомо дуьхьало йича, гуттара чIогIа къизалла йолийра маьршачу наханна дуьхьал", - дуьйцу эстонхойн политико.

Этническан, динан шатайпаналлица кхето мегар ду федаралхойн эскаро Нохчийчуьрчу маьршачу бахархошна тIехь къизаллаш латтийна хилар, амма тахана Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимиро "вежарийн пачхьалкх" аьлла йолу Украинехь а лелош йу эскаро иштта къизаллаш.

Карлован университетан политологин факультетан профессоро Эмиль Аслана билгалдоккху, тIом боьдучу хенахь берриг хьежамаш хийцало, дин, йа йуккъера орамаш тидаме ца оьцу.

"Оьрсийн эскархоша шина тIамехь нохчашна тIехь лелийначунна а, тахана украинхошна тIехь лелочунна а йукъахь кхин йаккхийра башхаллаш ца го. Бакъдерг аьлча, со вара оьрсашна украинхой байъа хала хир ду бохуш, амма Украинехь долчу хьоло гойту, оьрсийн салтешна бен дац, динан, йа къаьмнийн гергарло хилар. ТIеман тийсдаларш лелоран канонашца лела оьрсийн эскар, кхерам тасса Iалашонца дуккха а маьршачу наханна тIехь Iазап а латтош. ТIаккха фронтехь салтийн психикица хуьлучо кхин а чолхе доккху хьал". – дерзадо эксперта.

Историн тIаьхьалонаш

Украинехь итт баттахь беш болчу тIамехь Оьрсийчоьнна дуьненайукъарчу аренахь дукха эшамаш хилла, Нохчийчуьрчу шина тIамехьчул а. ХIетахь Нохчийчоьнан суверенитет дуьненахь къобалйо боху муьлхха а къадамаш йухатоха аьтто хилла Оьрсийчоьнан. Украиница долчу хьолехь дуьненарчу йукъараллин реакци нисса бIостне йу, боху аналитико Чемберс Гарольда.

Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан болчу историн кхерамех цхьаъ бу, 1990-чу шерашкахь хиллачу хьоле Къилбаседа Кавказ йухайерза мега бохург.

"Политикан кепехь а, Украинан гIаролехь лаьтташ тIеман тобанаш кхолларца а вовшахкхета гIерта нохчийн оппозици. ТIаьххьарчу шарахь республикан чоьхьа а диллина дIагойту наха шаьш дуьхьал хилар: масала, "Беркат" базарахь 2021-чу шеран гIуран-беттан 10-хь хилла протестан акцехь, йа 2022-чу шарахь мобилизаци йолорна нохчийн наноша шайн реакци гайтарца а. Оьрсийчоьнах республика дIакъастарехьа болу муьлхха а боламаш сацор йу, хетарехь, Москван а, Соьлжа-ГIалин а уггар йоккха Iалашо, хIунда аьлча, Кадыровс омра делла кадыровхошна, къайлаха боламаш гучубовларна кечам бе аьлла. Амма таханалера хьелаш чIогIа къаьсташ ду 1990-чу шерашкахь хиллачех, цуьнан кханенан мах хадо хала ду", - ойла йо Чемберсо.

Соьлжа-ГIала, 1995-чу шеран дечкен-беттан 10-хь
Соьлжа-ГIала, 1995-чу шеран дечкен-беттан 10-хь

Эшамца тIом дIабирзича, пачхьалкхехь Iедал хийцалуш хуьлу. Цхьа хийцамаш хила тарло, йа цхьа къиза хиламаш хила тарло, амма уьш ойланаш бен йац. Амма билггал йолу тIаьхьалонаш – бIеннаш эзарнаш байъинарш, лазийнарш. Иштта гергарчу нахах бевларш, и дерриг хьоло йукъараллина тIе Iаткъам ца бан йиш йац, аьлла хета тIеман экспертна Шарп Давидна.

Цунна хетарехь, цул тIаьхьа даккхийра стратегин эшамаш хир ду –экономикан а, технологин а дуьненайукъара изоляци: "Оьрсийчоьно ша тахана лелочуьнца кхин а гена мел йели, кхин а шога хир бу Малхбузено дуьхьал лелош болу барамаш. Кхин а цхьа проблема – бахархойн эмиграции. ХIинца а кхеташ ду, Оьрсийчуьра пхи бIе эзар вахархо дIавахана хилар. Амма уьш доккхачу декъанна Iилма долуш къона нах бу".

ТIеман эксперта бохучунна реза ву политолог Эмиль Аслан, цо а боху, оцу тIамна реза боцу Iилма долу нах дIабахана, йа кеста дIагIур бу. Оьрсийчоьнан адамийн резерваш кхачалуш йу, и иштта хир ду кхин дIа а, украинхойх Оьрсийчоьнан куьйгкIелара дIагIуш долу къам хуьлучу йукъанна.

1994-у шарахь йозуш йоцу, йа ур-атталла Оьрсийчоьнан куьйгкIелахь вуно автономе йолу йукъаралла кхолла герга бара нохчий. Тахана а хила беза нохчийн а дан аьтто

"Украинхойн пачхьалкхо йеххачу хеначохь, йа цкъа а Оьрсийчоьнца йукъаметтигаш лелор йац. Иштта Оьрсийчоь а Европех йолуш йу, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнан Федерацина а, ЕС-на йукъахь йолу дуьхьало хир йу Украинах. Цул сов, тахана оьрсийн эскаро Украинехь лелочо деххачу шерашна хуьйцур йу малхбузенан пачхьалкхийн Оьрсийчоьнца йолу йукъаметтигаш, тIаккха хир йац business as usual – Оьрсийчоьнца йолу йукъаметтигаш гIорийна деххачу шерашна. Оьрсийчоьнан технологин кхиам кхин хир бац, Китайн энергетикан гIоьнча хир йу Оьрсийчоьнах. Кхеташ ма-хиллара, тIеман-политикан НАТО блог кхин а чIагIлур йу. Оцу тIамехь Оьрсийчоь эшахь, цуьнан таронаш, репутации тоъал лахлур йу, тIаккха ОДКБ кхин а гIийла хир йу", - кхетаво политолого.

Эстонхойн политикана Михкельсон Маркана хетарехь, Украинерчу тIеман тIаьхьалонийн барам боккха хиларна, мацца а жоп дала дезар ду Оьрсийчоьно:

"Оьрсийчоьнан зуламаш жоп доцуш ца диссийта хьовса йеза Малхбузенан демократиш. Украинхойн, нохчийн, кхин а шортта къаьмнийн майралло Оьрсийчуьра терроран раж эшо йезаш мур бу хIара, бехкечаьргара жоп а доккхуш. 1994-чу шарахь йозуш йоцу, йа ур-атталла Оьрсийчоьнан куьйгкIелахь вуно автономе йолу йукъаралла кхолла герга бара нохчий. Тахана а хила беза нохчийн а дан аьтто.

  • 1996-чу шеран марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийн Ичкерия республикана а юкъахь Хасав-Юьртан бертан дийцарш дира. Бертана куьйгаш йаздира ЧРИ-н герзашца болчу ницкъийн штабан хьаькамо Масхадов Аслана а, Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретаро Лебедь Александра а. Оцу документана куьйгаш йаздарца официалехь бирзира хьалхара тIом. 1997-чу шеран дечкен-баттахь Ичкерин президентан харжамаш дIабаьхьира, Масхадов Аслан туьйлиар цигахь.
  • 1997-чу шеран стигалкъекъа-беттан 12-хь Кремлехь президенташа Ельцин Бориса а, Масхадов Аслана а Оьрсийн Федерацин а, Нохчийн Республика Ичкерин а йуккъехь машаран а, йукъаметтиг лелоран а Бертана кIел куьйг йаздира. Вуьшта аьлча, Оьрсийчоьно де-юре тIелецира регионан йозуш цахилар. АгIонаша "муьлхха а хеттарш луьстучу йукъанна ницкъбар а, ницкъбарца кхерамаш тийсар а лелор дац" аьлла бина барт бохийра ши шо даьлча, оьрсийн эскархоша йуха а чу а гIоьртина, республикан дерриг латтанаш шайн дола дехира.
  • 90-чу а, 2000-чу а шерашкахь Оьрсийн Федерацино Нохчийчохь лелийначу зуламашна оьрсийн а, дуьненан а йукъараллин къора хиларо а 1адаво, бохура шина томех лаьттачу "Нохчийчоьнан хьокъехь Дуьненайукъара трибунал" монографин автор Дмитриевский Станислава.
  • 2022-чу шеран гIадужу-беттан 18-хь Украинан Лаккхарчу Радо Нохчийчийн республика Ичкери Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина латта хилар тIелецира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG