ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалара Тегеране дуьххьалдIа йоьду рейс йолийна. Иза кхузза дIатеттинера хьалхо


Iran Air flight at Tehran Mehrabad Airport
Iran Air flight at Tehran Mehrabad Airport

ГIажарийчоьнан коьрта шахьарара Тегеранера дуьххьалдIа догIу дуьххьарлера кема охьадоьссира мангал-беттан 10-хь Соьлжа- ГIалахь. Нохчийчоьнан Iедало хьалхо дIакхайкхийнера кема долалур ду аьлла, амма 2022-чу шарахь дуьйна иза кхузза дIатеттира.

Дуьххьарлерчу рейсаца Соьлжа-ГIала веара ГIажарийчоьнан туристийн компанина 15 векал – Туризм Нохчийчохь толлуш, зуьйш болх бийр бу цара, хаамбо пачхьалкхан "Грозный-Информ" агенталло. Оццу буса Тегеране кема дахара Нохчийчуьра турфирман белхахой эцна.

ГIажарийчоьнан Mahan Air авиакомпанин кемано кIиранах цкъа рейс йийр йу, цул а хьалха рейсаш Москва а, Санкт-Петербурге а бен йеш йацара. Нохчийчуьра ГIажарийчу гIур ду британхойн BAe-146 кема – йуккъерчу барамехь цуьнан компанехь долу хан йу 22 шо.

Соьлжа-ГIалара Тегеране рейс йолор йу аьлла кхайкхийра 2022-чу шеран аьхка – цу хенахь дIакхайкхийра, рейсаш Оьрсийчоьнан Utair компанино йийр йу аьлла. Рейсаш дIатеттира оцу шеран Iаьне, йуха 2023-чу шаре а. Оцу агIор болх бан Utair кхин йола ца йелира.

  • Охан-баттахь Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан думехь депутат волчу Делимханов Адама дийцарш дина ГIажарийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин Кхеташонан секретарь волчу Акбар Iелица "къоман кхерамзаллина дуьхьалойаран сферехь йукъахь болх барх" лаьцна. Делимхановн ГIажарийчу вахар дуьххьара нисделла ду шина шарчохь нохчийн Iедалхойн исламан республикин куьйгаллица официалехь контакт хиллачул тIаьхьа.
  • 2022-чу шеран мангал-баттахь хилира ГIажарийчоьнан векалийн Нохчийчоьнан куьйгаллица официалехь цхьанакхетар – хIетахь Кадыров Рамзана къамел дира ГIажарийчоьнан векалца Джалали Каземаца Соьлжа-ГIалахь. И цхьанакхетар дирзича цо къадийра шаьш дийцарединчух "Оьрсийчоьнна чIогIа пайден зеделларг хир ду санкцеша бухахь латтар" аьлла. Шена догIучунна, Джалалис ГIажарийчу хьошалгIа кхайкхира мехкан куьйгалхо.
  • 2022-чу шеран марсхьокху-бутт бовш The Washington Post газето хаамбира, гIажаройн дронийн хьалхара аппараташ Оьрсийчу кхачарх Украинаца болчу тIамехь пайдаэца. Ткъа ша ГIажарийчоьно дуьххьара бакъдира БПЛА Оьрсийчу шаьш хьажорах лахьан-беттан йуьххьехь, оцу йукъанна дIахьедира, Украинехь тIом баккхале хьалха уьш цига новкъайаьхна йара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG