ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIаларчу кхело ялх шарчохь дуьххьара толлуш ду тIамера вадарца доьзна гIуллакх


Нохчийн тIеман дакъа, Соьлжа-ГIала, 2022-чу шеран Стигалкъекъа-бутт
Нохчийн тIеман дакъа, Соьлжа-ГIала, 2022-чу шеран Стигалкъекъа-бутт

ТIаьххьарчу ялх шарчохь дуьххьара толлуш ду Нохчийчохь тIамера вадарца доьзна бехктакхаман гIуллакх эскархочун Бугучаев Зеламхана дуьхьала. Материалаш Соьлжа-ГIалин гарнизонан тIеман кхеле хьажийна, амма хиллачун латтамаш билггала девзаш дац карарчу хенахь.

Кхелан сайтехь хIоттийначу кехатца а догIуш, Стигалкъекъа-беттан 27-хь схьакъаьчна материалаш – бехкевечун хьокъехь сацам бийра бу Мангал-беттан 6-хь хир йолчу кхелехь. Кхелахочо Шалаев Артема ша толлуш ду гIуллакх.

Бугучаев бехкевеш долу Оьрсийчоьнан УК-н 338-чу артиклан хьалхарчу декъан низамца а догIуш, дийцарехь, шен лаамехь дIатесна цо тIеман дакъа, йа ша декхарш дIахьуш йолу меттиг, тIеман декхарех хьалхвалархьама. ВорхI шаре кхачалц чохь яккха хан тоха мега цунна. Муьлха тIеман дакъа дIатесна цо, йа Украинерчу тIамехь дакъа лаьцний цо, хIинца а дуьйцуш дац.

Луларчу республикера ишттачу гIуллакхашца болх беш волчу адвоката (шен цIе ца яккхар дехна, хIунда аьлча, адвокатийн этикаца догIуш дац юристаша кхечеран гIуллакхашна комментариш йар. – Редакцин билгалдаккхар.) Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь хаамбира, оцу тайпа гIуллакхаш масех баттахь толлу, кхеле а кхачадо. Дуьйцу зулам дукха хан йоцуш дина хиларна тоьшалла до бехкевийриг лаьцна витарна хьокъехь сацам баро а (дукхачу хьолехь гIуллакхна тIехула дуьххьара гIулч ю иза. – билгалдаккхар).

ТIамера вадарца доьзна гIуллакх Соьлжа-ГIалин гарнизонан кхеле дуьххьара кхечира 2016-чу шеран Охан-баттахь – ялх сов шо хьалха. Цигахь бехкевеш вара Кияков Жаслан а, Степанищев Олег а. ТIеман декъан бухгалтерехь болх беш хилла и шиъ, харц финансийн кехаташ а дохуш, контрактхошна "шалха" алап яздеш хила, цуьнан шолгIа дакъа шайн дола а доккхуш. Цул сов, Степанищев декъе ца веара шен мукъа денош хиларна, тIаккха иза бехкевира тIамера вадарна. ТIаккха Кияковна 2,5 шо хан туьйхира чохь яккха, Степанищевна – 5 шо юккъерчу рожан колонехь яккха.

Хьалхо укринхойн талларо хаамбира, нохчийн тIеман декъашлахь хиллачу саботажех – цо бахарехь, Шела гIалара 70-чу полкан 42-чу дивизин масех дакъа дуьхьалдаьлла Украинехь тIом бан, цара тIедожийна шаьш Оьрсийчу юхадигар. Салтий шаьш бохург дан дуьхьалбовлар лачкъон гIерта куьйгалла, хаамбина Украинан тIеман министраллан таллархойн коьртачу урхалло. Шайн реза цахилар диллина дIахьедийраш, дакъойн командираша тIемаш боьлхучу уггар а кхерамечу меттигашка хьийсабо, ткъа Оьрсийчу юхабаха луурш билгалбаха Iалашонца дакъошна юкъабалабо 58-чу юкъарчу армин ФСБ-н белхахой, хаамбо къайлахчу сервисаша.

  • Чиллан-Охан беттанашкахь Украинерчу тIамехь дакъа лаьцна хилла болчу Краснодарера Росгвардин белхахоша шаьш юха а тIаме бахийтарна дуьхьала рапорташ язйина. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига хаамбина Федералан эскарийн Краснодаран махкара Къоман гвардин коьртачу урхаллехь. Иштта и хаам тIечIагIбина цхьахьволчу эскархочо. Цо бахарехь, шина баттахь Украинехь яьккхинчу ханна кхачийначу алапна реза ца хилла росгвардин белхахой – дийцинчул а кIезга хилла иза.
  • Масех нохчийн бакъонашларъяран организациша а, блогерша а дийцина шайга республикера "лаамхойн" кепехь Украинерчу тIаме бигархьама лечкъабечу бахархошкара кхочучу кхайкхамех лаьцна. Цара бахарехь, харжам атта бац: йа контрактана куьйг яздина нах байъа воьду хьо, йа билггала йоцу хан "къайлахчу" набахтешкахь яккха кхерам лаьтта хьоьгахь.
  • Украинана дуьхьала тIаме хьийсийначу Нохчийчуьра кадыровхошлахь а, "лаамхой" олучарлахь а даккхийра зуламаш дарна хенаш йиттина нах бу, иштта чохь яккха тоьхна хан чекх ца яьлларш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG