ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIаларчу митингехь зударий дIалецарх дийцина Кадыровс. Церан божарий тIаме хьийсор хьехна цо


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Соьлжа-ГIаларчу тIамна дуьхьал йолчу митингехь 15-20 зуда дIалацарх дийцина Кадыров Рамзана – хьалхо республикан Iедалша харцдира акци кечъеш ю бохург. Бакъоларъярхоша хаамбора нах дIалецарх. Нохчийчоьнан куьйгалхочо лач агIор бакъдира и хаамаш, бохура, ша къамел дина митинге арабевллачу нахаца.

Кавказ.Реалиин хаамашца, гезгмашин-беттан 21-хь Нохчийчуьрчу Iедалхоша лелочунна дуьхьал хилла митинг дуьххьара яра ала мегар долуш ю Кадыров Iедалехь волчу юкъанна.

Кадыровс шен телеграмерчу канале хIоттийначу хаамца а догIуш, 20 зударех кхаанна кIентий Украинерчу тIамехь дакъалоцуш бу. Царах шиннан – уьш цхьацца бен боцу кIентий бу.

"Оха юьхьанца дуьйна дIахьедора, цхьаъ бен воцу кIант оха оьцур вац. Иза муха нисделла со кхеташ вац, царах шимма шайн цхьацца бен воцу кIентий муха хьежийна цига. Кхин а 15-20 зударшна кепекаш елла европхойн вовшахтохаллаша, уьш а арабевлла тIаккха, тахана майдане стенна арабевлла хаьттича, хIусамех лаьцна а, коммуналан, социалан а хеттарш дала хIиттира уьш. Аса элира, церан кертара божарий царна хьакъдолу таханлера, кханалера денош хилийталуш бацахь, иштта божарий лерринчу тIеман операци дIахьочу дозанехь хила беза (Оьрсийчоьнан Iедало иштта олу Украинерчу тIамах. – Билг.)", - дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

"Европхойн вовшахтохараллашкара" оцу зударшка ахча кхаьчна хиларх цхьа а тоьшаллаш ца далийна Кадыровс.

Цо иштта кхайкхам бина меттигерчу бахархошка митинге ара ца бовлар тIе а дожош, амма араваьлларг хилахь - цунах "къоман мостагI" аьлла цо, иза тIеман тийсдаларш доьлхучу дозане дIавигар тIе а дожийна.

Кадыровс бахарехь, шен долахь йолчу республикехь тIамах цхьаъ юхаваьлла меттиг бац, тIаккха Украине мел хьажийнарг шен лаамца вахана ву, чIагIдо цо.

Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран зерашца, 10:00 даьлча хьехийна йолу митинг ца хилира, маьждигна хьалха йолу майда керт а хIоттийна доза тоьхна яра. ТIаьхьо 1ADAT оппозицин телеграм-каналехь хаамаш даржийра, официалехь митинг йолаялале, 9:30 даьлча дIагулбелла зударий дIалецарх лаьцна. Уьш Соьлжа-ГIаларчу мэрехь латтош бу, цаьрца ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан журналисташ а бу, бохуш дуьйцура.

  • Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира хаамбира, пачхьалкхехь дIакхайкхийна юьззина йоцу мобилизаци хилар. Цунах лаьцна омрана куьйг яздина ду, элира президента Оьрсийчоьнан бахархошка гезгмашин-беттан 21-чу Iуьйранна бинчу кхайкхамехь. ТIеман декхарш кхочушдинарш а, запасера бахархой и нислур бу омрана кIел. ДIахьийсорал хьалха кхин а кечамех чекхбевр бу уьш.
  • Проектаца а догIуш, мобилизацин кампани йолалур ю гIадужу-беттан 1-чохь, дIаяхлур йолуш ю шо чекхдаллалц. Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина тIедуьллур ду, къехкашберш гучу а бохуш, тIеман коммисариаташка уьш дIакхачон. Оцу гIуллакхна "ресурсаш кечъе" аьлла, кхаьчначу рекомедацех лаьцна хаамбина урхаллин структурашкарчу Кавказ.Реалиин хьасташа.
  • Бакъоларъярхоша дIахьедо, Нохчийчохь "лаамхой" хила декхаре бо заьIап нах, хан тоьхнарш а. ТIаме нуьцкъаха хьийсабо аьлла духхьара хаамбинчех бара 1ADAT болам: цуьнан векалша бахарехь, Нохчийчохь кегийрхой лечкъабо, харц бехктакхаман гIуллакхашца кхерамаш а туьйсуш, Украине баха декхаре бо, йа даккхийра ахчанаш доьху маьршаваккхарна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG