Соьлжа-ГIаларчу Ленинскан кIоштан полицин декъехь шега Iазап хьегийтарх дийцина Нохчийчуьра вахархо Мукаев Салман Эрмалойчоьно дIавала тарло Оьрсийчоьне. Эрмалойчоьнехула Европе дехьавала гIоьртинера иза, амма цхьахйолчу дозанхойн пунктехь Мукаев лецира - ницкъахоша дIахьедира, бакъо йоцуш герзан гIирс латтийна аьлла, федералан лехамашкахь хиллера иза аьлла, яздо "Новая газето".
Стохка Чиллан-баттахь полисхоша дIавигинера Нохчийчохь Мукаев Салман. Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIоштарчу полицин декъе дIавигинера иза, цхьана йоIаца цо мессенджерехула динчу йозанан скриншот дIагайтинера цунна, иза гей ву аьлла, бехкве а веш. Мукаевс бехк тIе ца лаьцча, полисхоша йиттинера цунна. Голаш тIе а хIоттийна, мийраш бетташ, цул тIаьхьа гIента хаийна садукъош, юха ток йоьттуьйтуш, ницкъ бинера цунна, аьлла ду Мукаевн дIахьедарехь.
Цхьана кехаташна куьйгаш яздайтинера цуьнга полисхоша, тIаккха аьллера, бакъо йоцуш герз лелийна аьлла, дуьхьал бехк боккхур бу.
Мукаевн адвокато хаам барехь, полицера иза маьршаваьккхина ши кIира даьллачу хенахь гIуллакх долийра цунна дуьхьал.
Шена йиттина хиларх тоьшаллаш хIиттон аьтто баьлллера Мукаевна: цIазапIелгашна тIехь чкъор дацара цуьнан, коьртан кIеда дилха а лазийна дара, кӀесаркӀаг йистина яра. Цул тIаьхьа Талламан комитете дIахаийтира цо доллучух а, амма, "Новая газето" ма-яздарра, гIуллакх ца дилира.
Газетан хаамашца, Мукаевна политикан тховкIело яларх хаттар луьстуш ду Эрмалойчохь.
- 2020-чу шарахь Товбеца-беттан 18-чу дийнахь полицино лаьцнера 33 шо долу Соьлжа-ГIалара вахархо Умаров Мовсар. Гергарчара дийцарехь, оппозиционеран-блогеран Абдурахманов Тумсон видео хьажарна бехкевеш лаьцна иза. Амма тIаьхьо хаийтина полисхоша цуьнан цIерачарна, иза шайгахь вац, шайн карара а ваьлла, ведда, аьлла.
- Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхира Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Медни а, ши йоI Iайшат а, Хадижат а.
- Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьххьара тухуш яцара санкцеш Кадыровна – 2017-гIа шо доьрзуш Штатийн финансийн министралло ваьккхира иза а, цуьнан гонера массех стаг а санкцийн "Магнитскийн тептаре". "Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна" аьлла, билгалдаьккхинера министраллехь.