Республикан вахархочунна Мукаев Салманна тIехь Iазап латторна кховдийна арз регионерчу МВД-га хьажийна Нохчийчоьнан талламан комитето. Къаьсттина оцу хьукматан белхахошна духьал бинера цо и латкъам.
СК SOS кризисан тобанахь хаамбира, адвокате Немов Александре талламхошкара жоп кхаьчна, дайначу шеран гIуран-баттахь кховдийна хиллачу латкъамна, аьлла. Немовс масийттаза тIедожийра материалаш таллар, амма ницкъахоша тергал ца деш дитира гIуллакх.
"Цуьнан меттана, зуламхойн белхан накъостий хир бу таллам бийраш, цо шеконе юьллу оцу белхан эвсаралла. Хетарехь, талламан ерриг материалашка тхо хьаьжначул тIаьхьа, оха латкъам бийр бу Талламан комитето гIуллакх тергал ца дарна", - аьлла юридикан тобанан сервисан куьйгалхочо Дроздовский Осипа.
Дайначу шеран дечкен-баттахь Мукаев Салман дIалецира Нохчийчохь. Соьлжа-ГIалин Ленинан кIоштан РОВД схьавалийра иза, тIаккха цо йоьIаца телефонехула текстаца дина хилла къамелна тIехула гомосексуалан хьежамаш ду, аьлла бехкевира иза. Шена дохку бехкаш тIе ца лаца воьлча, полисхоша йиттира Мукаевна. Гора а хIоттийна, мийраш биттира цунна, тIаккха гIанта тIе а хаийна, садукъа дора, цул тIаьхьа ток етташ Iазапехь латтавора, аьлла дуьйцу Мукаевн арзехь.
Ницкъахоша яьсса бланкашна кIел куьйг яздайтина цуьнга, тIаккха аьлла, низамехь а доцуш, герз лелорна бехкевийр ву иза. Мукаевн адвоката бахарехь, иза полицера дIахецначул тIаьхьа ши кIира даьлча гIуллакх долийра цунна дуьхьал.
Шена йина чевнаш билгалъяха аьтто баьлла цуьнан: цIаза-пIелган даьIахкана тIаьхь чкъор дацара цуьнан, коьртан кIедачу дилхана чевнаш йинера, иштта йистина ворта а яра цуьнан. "Новая газето" бахарехь, цо Талламан комитете арз деллачул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакх ца долийра.
- 2021-чу шеран гIадужу-баттахь Мукаев Салман Оьрсийчоьнна караваларна кхерамна кIел нисвелира. Эрмлойн махкахула Европе вада гIерташ вара иза, амма дозанан контроль еш йолчу пунктехь сацийра Мукаев – ницкъахоша дIахьедира, иза низамехь а доцуш герз лелорна федералан лехамашкахь вара, аьлла. Эрмлойчоьно оцу хенахь цунна тховкIело яларан хаттар дара луьстуш.
- Товбеца-беттан чакхенехь Нохчийчохь меттигера вахархо Дадаев Ризван дIалецира цуьнан сексуалан хьежамаш бахьанехь. Зорбанехь видео гучуелира, цхьана жимчу стагаца цхьанакхета лууш вара ша, аьлла лаьцнарг къера а хуьлуш. ХIинца Дадаевн волу меттиг къасто гIерташ хьийза бакъоларъярхой – ницкъахошца цхьанакхеттачул тIаьхьа тIепаза вайна иза.
- ТIаьхьо Нохчийчохь тIепаза вайра меттигера кхин а ши вахархо – уьш сексуалан ориентаци бахьанехь Соьлжа-ГIалахь лаьцначу Дадаев Ризванан телефонан контакташкахь хилла. Кегийрхой мичахь бу, йа уьш дийна буйла а хууш дац.
- Бакъоларъярхоша дуьйцу, керла нах бовзаран аппликаци чохь фейкан аккаунташ а доьллуш, гейш цхьанакхетаре кхойкхуш лела нохчийн полисхой. Цхьанакхета реза хилларш дIалаца кхерам бу.