ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сокуровс дина къамел бахьанехь Инарлин прокуроре латкъам бина нохчийн парламентан спикеро


Даудов Мохьмад
Даудов Мохьмад

Нохчийчуьрчу парламентан гIантдас Даудов Мохьмада латкъам бина Оьрсийчоьнан Инарлин прокуроре Краснов Игоре, режиссёра Сокуров Александара Кавказерчу хьолах лаьцна динчу къамелехь административан низам дохор ду-дац къастор доьхуш.

"Цу тайпа, лоруш а, массарна а бевзаш а болчу наха, массарна а гуш-хезаш динчу дIахьедарийн вуно чолхе тIаьхье хила мега, юкъараллехь гIоьртина хьал кхолла мега, тайп-тайпана къаьмнийн адамаш хилар цаладар кхолла мега, къамнашна юкъахь дов даларан аьхна хьал кхуллуш", - дIахьедина Даудовс.

Нохчийн парламентан куьйгалхочунна хетарехь, Сокуровс дийцинарг, тIеоьцуш ду "Оьрсийчоьнан Федерацин цхьааллана тIекхийдар санна, цунна юкъайогIучу субъекташна маршо а елла".

Цул сов, Даудовс билгалдаьккхина, Нохчийн Республикан парламента дехар дина хилар Красновга, Сокуровна дуьхьал прокуроран тидаме эцаран гIуллакх доладе аьлла а, и хаттар шен Iуналле эцахьара аьлла а.

  • Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхошца хиллачу онлайн-цхьанакхетарехь Оьрсийчоьнан президентан а, кинорежиссеран Сокуров Александран а шога къамел хиллера, Оьрсийчохь Iитталучу дуккхаъчу проблемех лаьцна цо дIа а хьедеш, пачхьалкх хийца еза аьлча. Сокуровн къамеле а, цунна Путина деллачу жоьпе а хьажа аьтто бу Кремлан сайта тIехь зорбане яьккхинчу видеохь, (стенограммехь зорбане яьккхинчу видео тIехь хIара дискусси цкъачунна яц ).
  • Шен къамел долийра режиссеро чоьхьарчу Оьрсийчоьнан политикех лаьцна, беза мах цуьнан хилар хьахош, Беларусь а, ша шен суверенитет дIакхайкхийна Къилба ХIирийчоь а, Шема а пачхьалкхо "латтош" хилар билгалдоккхуш. Иштта режиссеро критика йира карарчу хенахь Оьрсийчоьнан дIахIоттамна, большевикийн политикан тIаьхье хиларх дIа а хьедеш.
  • Сокуровна хетарехь, Оьрсийчоьнан декъехь а йолуш, "къаьмнийн башхаллаш" лелайо цара, церан шайн "эскарш" ду, "паччахь" ваьлла церан. "Федераци ю, ткъа стенга яхна Оьрсийчоь?"- хаьттира Сокуровс.
  • Уггар а йоккха проблема лерира цо Къилбаседа Кавказехь долу хьал, доккхачу декъанна, Нохчийчоьнна мехкан дозанан дакъош дIаделлачул тIаьхьа йолийна ГIалгIайчуьра протесташ хьахош, оцу тIехула лаьцна латточу протестан лидерийн цIераш а йохуш, уьш маьршабахар тIе а дожош.
  • Иштта Сокуровс аьлла, федерацехь "дукхахболчарна оьрсий ца безаш санна" шена хетарх. "Вайх дIакъаста лаьа", - элира режиссеро, шен къамелаш хиллачу Кавказерчу бахархошна хетарг чоьте а оьцуш.
  • Сокуровс хьахийра пачхьалкхехь ницкъаллин структурийн "политизацех" а, жигара бахархойн позици бахьана долуш кегийрхой леца оьшуш цахиларх а, "ницкъе, жигара оппозици" эшарх а, коммерцица йоьзна йоцчу организацешна тIаьхьабевлла лелар а сацон деза аьлла.
  • Режиссеро дагаяийтира Путинна, ша шена тIе куьйгаш даьхьна, елла журналист Славина Ирина а, бакъоларъярхошна хетарехь, бух боцчу гIуллакхна тIехула чохь латтош волу историк Дмитриев Юрий а, талламхойн тергонехь латтош волу политик Резник Максим а, зорбан гIирсашца а, коммерцица йоьзна йоцчу организацешца лелон дискриминаци, уьш "арахьара агенташ" а лоруш, пачхьалкхера кегийрхой дIаоьхуш хилар а, - кхайкхамбира президенте ойлаяхьара аьлла, хIун нийса дац пачхьалкхца, стенгахь хуьлуш ду хIара дерриг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG