ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу фетвана реза яц Оьрсийчура муфтийн кхеташо


Оьрсийчоь -- , 20Nov2015
Оьрсийчоь -- , 20Nov2015

ДIабахана бутт чекхболуш Соьлж-ГIалахь хиллачу Исламан конференцин декъашхоша фетва тIеийцира бакъболу бусулба нах тIарикъатехь берш бу аьлла. Цу сацамна реза бац Оьрсийчура муфтийн кхеташонан декъашхой аьлла хаамаш баьржина зорбанан гIирсашкахь.

Исламан конференци хилира Соьлж-гIалахь кхаа дийнахь Марсхьокху-беттан 25-чу а, 26, чу, 27 а деношкахь. Цу форуман цхьаболу декъашхой реза боцуш хиллехь а, цигахь леррина фетва тIеийцира тIарикъатехь берш а бен бакъболу бусулбанаш бац аьлла. Ткъа салафитийн идеологи юьхьарлаьцнарш сектанташ бу аьлла дара цу кехата тIехь. (Лаам болчо деша и фетва кхузахь). http://islam.kz/ru/news/v-mire/fetva-o-neotemlemyh-priznakah-otlichiya-istinnogo-islama-ot-zablujdenii-3662/#gsc.tab=0

Соьлж-ГIалара фетва тIеэца деза Оьрсийчохь бехчу массо а бусулбанаша аьлла дара цу тIехь.

Ткъа хIинца, цхьа бутт баьлча, и хаттар хьахийра Москох коьртачу маьждигехь, шен коьртехь муфтий шейх Гайнудин Равил а волуш, гулъеллачу Оьрсийчура муфтийн кхеташонан шурас.

Цу кхеташонан зорбанан сервисо цу хьокъехь бина хаам иштта бу.

«Кхеташонан декъашхоша дийцаре дира Нохчийн Республикан муфтийс Межиев Салахь-хьаьжас бина кхайкхам а, Марсхьокху-баттахь Соьлж-ГIалахь хиллачу Исламан конференцино шен документашкахь дуьйцу хаттарш а».

http://muslim.ru/articles/287/I6I79/

Ткъа хIун сацам бина Оьрсийчоьнан бусулба юкъараллан куьйгалхоша, шаьш дийцаре динчу хаттаршкахула билггала хууш дац. Еарин Iуьйранна цхьамогIа зорбанан гIирсаша хаам бира, Соьлж-ГIаларчу фетвана критика йина Оьрсийчура муфтийн кхеташоно аьлла. Цара чIагIдора цу кхеташоно тIеэцна резолюци ю Москох динан урхаллан сайта тIехь зорбане яьккхина бохуш.

Амма и резолюци каро аьтто бац. Ткъа тешаш дийцарехь, Москох бусулба нехан урхалло и резолюци дIаяьккхина шайн сайта тIера.

Соьлж-гIалахь салафиташна дуьхьал фетва тIецначхьана цунна критика яр дуьххьалара хуьлуш дац.

Иштта, кху беттан 8-чу дийнахь вевзаш волчу Сауди Iаьрбийн пачхьлкхарчу дешначу стага аль-Арифи Мухаммада шен Твиттерехь йолчу агIона тIехь харц йира цхьаболчу зорбанан гIирсаша цо Кадыровна критика йина аьлла яржийна информаци.

Шаь аьлла бохуш даржош дерг, ша аьлла дац бохуш вара шейх. Изза цо юха а яздира кхин а кхо де даьлча.

Делахь а, Соьлж-ГIалахь тIеэцначу фетвахь дуьйцуш долчу цхьадолчу хIуманашна критика йинера оццу Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан цхьаболчу декъашхоша.

Царах ву, масала, Саратов-кIоштан муфтий Бибарсов Мукаддас-хазрет: «Оьрсийчоьнан тайп-тайпанчу регионашкахь беха нах тайп-тайпана дахар долуш бу. Фетва массарна а догIуш дац. Къилбаседа Кавказехь бехарш дукхах берш бусулба нах бу. Ткъа тхо долчехь хьал нисса бIостанехьа ду.

Тхо кхузахь къийсам дIахьош ду, маьждиг дан бакъо яккха гIерташ. Ткъа уьш бусулба деза деношкахь садоIуш хуьлу. Тхо долчех иза дац. Кегийрахошца а оха кхечу агIор болх бо. Ислам кхиар кхузахь а, Къилбаседа Кавказехь тайп-тайпана го».

Реза вац Соьлж-ГIаларчу конференцехь бинчу сацамна Оьрсийчоьнан Азехь бехачу бусулба нехан коьрта муфтий Аширов Нафигулла а. «Фетва тIеэцна, цхьана наха бохург тидаме а эцна. Ткъа бисинарш берш а цу нахана тIаьхьахIитта безаш болуш санна нисло», - элира цо журналисташна ша еллачу интервьюхь.

Кху беттан 26-чу дийнахь Москох хиллачу Оьрсийчура муфтийн кхеташонан декъашхоша, гарехь, тIеэцначух тера дац Нохчийчохь хиллачу конференцехь кечдина фетва. Цхьаболчу хаамашца, цара тIеэцначу кехата тIехь аьлла ду, цу фетвано дуьйцург цхьана регионехь хIоьттина хьал ду, ткъа цо ца ло Оьрсийчурча бусулбанашна баккъалла а Ислам дуьйцуш долу документ аьлла.

Иштта резолюцина тIехь билгалдоккхуш ду шурахь вистхиллачу муфтино Гайнутдин Равила шена хетарг довзийтина хилар, Оьрсийчоьнан Федерацин территорина тIехь бехачу массо а бусулба нахана луург кхочуш дан ша гIерташ волун дела.

XS
SM
MD
LG