ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен социалан машанаш куьйгалхочун цIарах лело реза вац хIинца Кадыров


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Кадыров Рамзана дIахьедина шен социалан машанерчу йозанаш Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржера деш дац, аьлла. Оцу тIе тидам бахийтина Кавказ.Реалиис.

Регионан куьйгалхочун "ВКонтактерчу" официалан агIонехь, телеграм-каналехь, иштта официалехь йоцучу инстаграмерчу агIонехь а дина цо и дIахьедарш. Ша Украинан Iедале динчу дIахьедарехь Оьрсийчоьнан регионан куьйгалхочо тIе тидам бахийтина, шен къамел – шен хетарг бен дац, аьлла.

"Соьца хьагI йолучарна со сайн бакъонел сов вуьйлуш ву, бохуш моханаш еттийта бахьанаш ца далархьама, аса официалехь дIабоху – хIара суна хетарг ду, Оьрсийчоьнан вахархочун Кадыров Рамзанан эсала ойла ю", - яздина Кадыровс.

Кхин дIа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Украинан президенте Зеленский Михаиле дехна "цIий Iанорна тIе а ца далош машар дIахIоттор". Кадыровс Украинехь дIахIоьттинарг "къоманна дуьхьала" режим ю, аьлла: "Оьрсий а, украинхой – славянан цхьа къам ду, юкъара истори, культура а, дин а долуш. Со цкъа а тешар вац украинхошна шаьш "малхбузенан дуьне" олучун декъах хета, аьлча, шен йовш лаьттачу "мехаллашца" а, оьрсийн доьхьала йолчу моханашца а".

Дечкен-беттан 24-хь Кадыровс дIахьедира, Оьрсийчоьнан президентан метта хилча ша "тоххара схьаяьккхина хир яра Украина, цига эскар а дахийтина, къепе хIоттор яра» аьлла. Арахьара политика лелориг Оьрсийчоьнан президенит ву аьлла, Кремло дагадаийтинчул тIаьхьа, Кадыровс билгалдаьккхира, «Украина схьатохарх» дешнаш федералан центрца дагаваьлла аьлла дацара, иза шена хетарг дара аьлла.

Кадыровс а, цуьнан гонара наха ЯнгулбаевгIарна биллина кхерамаш тийсира, уьш оппозицин IADAT телеграм-каналаца боьзна хета республикан Iедалхошна. Кремл реза ца хилира оцу гIуллакхна юкъа гIорта, амма регионан куьйгалхо Оьрчийчоьнан президентаца Чиллан-беттан 3-хь цхьанакхеттачул тIаьхьа Кадыров Рамзан а, цуьнан гонера нах а ца хIутту ЯнгулбаевгIеран цIераш яха.

  • Чиллан-беттан 7-чохь оппозицин политико Яшин Ильяс Кадыров Рамзан даржера мукъаваккхар президентан Путин Владимирна тIе а дожош онлайн-петици хIоттийра. Цхьана дийнахь петицина бух вазвелла 100 эзар сов Change.org платформан пайдаэцархой. Кремлехь дIахьедира, шайна иза дош ца хета, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG