ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Социалан машанашкара "нийса йоцу" комментареш дIаяха декхаре бина Нохчийчуьра хьаькамаш


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан ерриг министраллаш, хьукматаш социалан машанашкахь агIонаш лелон декхаре еш, тIедиллар вовшахтоьхна республикан урхалло, цуьнаца а догIуш, дийнахь мел-кIезга а кхоъ арахецар дан деза церан.

"Нохчийн республикан низамаш кхочушдаран Iедалан органашка социалан машанашкахь аккаунташ кхоллийтаран, уьш леладайтаран кеп", аьлла цIе ю оцу кехатан (редакцигахь ду иза). Цуьнца а догIуш, министраллийн "Одноклассникашкахь", "ВКонтактехь", телеграмехь, твиттерехь агIонаш хила еза. Министраллин куьйгалхочун гIовсал лахарчу даржехь хила ца веза социалан машанашкахь аккаунташ лелош волу белхахо, билгалдоккху кехатехь.

"Социалан машанашкахь лелош йолу къамелаш даран кеп лелайо Нохчийн Республикан низамаш кхочушдаран Iедалан органийн аккаунташкахь (яздаран, къамелдаран) канцеляризмаш, шаблонаш, чолхе говзаллин терминаш а ца лелош", - билгалдоккху кехатехь. Циггахь яздина ду, аккаунташкахь хеттарш, конкурсаш, акциш хIиттон мега аьлла.

Къаьстина хьахийна ду арахецаршна кIелахь юьтучу комментаришна модераци йарх лаьцна – "спам-дIасакхехьийтарш, сийсазбарш, томехь доцу яздарш" шайлахь долу комментареш хьаькамаша дIаяха езаш хилар.

  • Оьрсийчоь Украине гIоьртинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна Кадыров Рамзана пиар лелайо тIеман теми тIехь. ХIинцале бIеннаш видеош хIиттийна цо Нохчийчуьрчу эскархошца яьхна, масийттазза кхерамаш тийсира Киев схьаяккха (иштта Оьрсийчоьнан тIеман министраллин дIахьедаршна дуьхьал а), 30-зза дIакхайкхийра Мариуполь "мукъаяккъарх", шога дIахьедарш дира украинхойн президенте а, оьрсийн хьаькамашка а, кхерам тесира зарратан тохар дан а. Иштта делахь а, оьрсийн пропагандано, хетарехь, тидам боцуш вуьту Нохчийчоьнан куьйгалхо. ТIом боьдучу 56 дийнахь федералан каналашкахь масех минотехь бен ца гайтина иза, хиина Кавказ.Реалиина. Кадыровн дIагIертар социалан машанашкахь бен гуш дац – иза хилла беламийн бахьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG