Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хилла гIовс, "Ахмат" лерринчу декъан командир Алаудинов Апти сепаратистийн халкъан "ЛНР-н" милицин 2-чу армин корпусан командиран гIовс хIоттийна. Иштта инарла-майор чин а делла цунна.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчан статус Алаудиновгахь юьсур ю, хаамбина шен телеграм-каналехь мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана. Цо иштта билгалдаьккхина, Алаудинов "ЛНР-хь" волу кхо бутт хилар, цуьнан дIахIоттор "хьакъ долуш лакхавалар" ду аьлла.
Кху деношкахь Кадыровс куьйгъяздира Нохчийчоьнан экономикан а, юкъараллин а кхерамзаллин секретаран даржера Алаудинов дIавоккхучу омрана. Официалан сайтехь зорбане даьккхира иза, амма йа Алаудиновс а, йа Кадыровс а комментарий ца йинера цунна.
Оццу суьйранна Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь аудиохаам бира, цу тIехь Алаудинов дIаваккхар тIе а ца чIагIдира, Iа бакъ дац а ца бохура.
"ХIинцца интернете ваьлла со, цигахь массанхьа а яздо, Кадыровс Совбезан даржера дIаваьккхина Алаудинов бохуш…Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь болчийн даржаш дац, цIераш яц, орденаш, медалаш яц – цхьа некъ бу…",- билгалдаьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
- Кадыровн рожан критикаша дIахьедира Кавказ.Реалиига, Алаудинов тIамтIе ваханера "бехкех цIанвала" - Кадыровна хьалха "бехк дIабаккха", "Новая газетан" хаамашца, 20I9-чу шарахь "забар йеш, Кадыров Рамзанан суьртана тIара тохар" дара цунна дуьхьал даьккхинарг. Алаудиновс дохку бехкаш харцдира, "сох лаьцна и боьха хIуманаш яздийриг схьакарор ву, жоп а доьхур ду" аьлла, видео дIаязйира цо.
- Марсхьокху-беттан юьххьехь, бутт хьалха нохчийн Совбезан секретаран дарже ваьккхинчу Алаудиновна, Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белира.
- Марсхьокху-беттан 25-чохь Украинан кхерамзаллин Урхалло шеконашка ийцира Алауидинов Украинан цхьаалина тIекховдарна а, цуьнан бух бохон гIортарна а. Дуьйцург ду зазадокху а, охан а беттанашкахь Алаудиновс Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно болийначу тIамехь дакъалацар, "Ахмата" Рубежныйхь а, Кременнойхь а, Северодонецкехь а лелочунна тIехь куьйгалла а деш.
- 20I7-чу шарахь "Новая газето" зорбане баьккхира, Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу ППС полкан ларми чохь 27 стаг верах шаьш бина таллам. ГIирсан хаамашца, нах бойъучу оцу дийнахь тIеман декъан дозана тIехь хиллера Алаудинов.
- Бакъоларъярхойн хаамашца, 20I5-чу шарахь чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс ша волчу заманчохь Алаудиновс Iазапаш хьегийтинера харц бехкана тIехула лаьцна валийначу оппозицин жигархочунна Кутаев Русланна тIехь. Ша вуьйр ву бохуш, Алаудиевс шена кхерамаш тийсарх хаийтира иштта дагестанхойн жигархочо Джалалдинов Рамазана а.
- Цул совнах, "Грозный" ЧГТРК-н эфирашкахь массарна а гуш Кадыровн критикаш сийсазбеш юкъара хилла ву Алаудинов. Цхьана къамелехь шен куьйгакIел болчарна тIедожийра цо, "террорхочух а, экстремистах а тера волчу" хьанна а тIехь "хIуъа а дан мегар ду" аьлла.
- Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре язвина а ву Алаудинов. Нохчийчуьра ЛГБТ-н декъашхошна тIаьхьваьлла хьийзарна бехке лору иза. ТIаьхьо цунна дихкира Латви ван а. 2020-чу шарахь санкцеш йехира цунна нохчийн ницкъахочунна дуьхьал Британино а.