ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эдельгериев Русланан "ирсан седа"


Саламова Елена

Нохчийчуьрчу министрийн кабинетан куьйгалле а, Оьрсийчоьнан президентан хьехамчин дарже а вуьгу некъ боллабелла ЦIоьнтарахь

43 шо долу Нохчийчоьнан премьер-министр Эдельгериев Руслан Путин Владимиран хьехамча хIоттор дIакхайкхийна пIераскана, беттан 22-чу дийнахь. 70 шо долчу Бедрицкий Александрехь дара хIинца цуьнга делла дарж, Бедрицкий пенсе воьду, гарехь.

Эдельгериев Руслан (цунах Абубакар олу гергарчара а, гоно а) вина Кадыров Рамзан схьаваьллачу ЦIоьнтарахь. Нана, Дерябина Вера, Нохчийчоьнан парламентан депутат Iийра шозза. Кадыровн хьехархо лаьттина ю и зуда. Бераллера схьа вовшашна везаш волчух тера ду Кадыров а, Эдельгерриев а.

Эдельгериев Абубакар а, Кадыров Рамзан а
Эдельгериев Абубакар а, Кадыров Рамзан а

Школа яьккхинчул тIаьхьа, цIахь кхаа шарахь бен ца Iаш, Краснодар-махка дIавахана Эдельгериев. Цигахь полицехь болх бина. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманахь, цигахь а вехаш, дешна Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин юридикан институтехь.

2004-чу шарахь, Нохчийчу юхавеъча, хIоьттина Куьршаларчу полице балха.

Эдельгериев Iедале валийна 2007-чу шарахь. Юьртбахаман министран гIовс Iийра иза шарахь. Цул тIаьхьа оцу урхаллан министран дарж тешийра, "декхарш кхочушдийриг" цIе тIехь а латтош. Деа шарахь "ханна министр" латтийначул тIаьхьа (2012) Нохчийчоьнан министрийн кабинетан куьйгалхо вира. Махкарчу "Цхьааллин Оьрсийчоь" ("Единая Россия") партин декъан хьалханча а ву Эдельгериев.

Шел хьалха кхечу нохчийн политико, Байсултанов Одеса, бинна некъ бу цо бийриг. (Нохчийчохь шарахь премьер-министр Iийначу Байсултановга 2008 -чу шарахь делира "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъан хьалханчин дарж. ХIинца иза Оьрсийчоьнан Къилбаседа Кавказерчу министран хьалхара когаметта ву).

Эдельгириев дика хиндерг долуш, кхетаме политик ву боху эксперташа. Ша даймахкахь премьер волуш цо даима а тидамехь латтадора махка инвестицеш ийзо оьшуш хилар. Бакъду, дукха ахчанаш махка кхачийна ала дац. Ца богIу инвесторш Нохчийчу. Цкъа йича йовлу массех инвестици йина СаIуда Iаьрбийчоьно, кхин тIаьхьало йолуш ца нисделла цуьнца дерг. ГIо-салазийн "Ведучи" курорт ян йолош ийзийра махка арахьара инвесторш, амма гIуллакх ца хилира.

Доккха дарж делла хIинца Эдельгириевга. Делахь а цо тергалдан деза гIуллакх (климат хийцаяларх дозу хьашташ) дац цунна хIинццалц девзинчех. Цундела хоттийла ду: дуй цуьнгахь шега беллачу балхах хаарш?

Эдельгериевна хьехамчин меттиг битинчу "климатхочо" Бедрицкийс ша Кремле вигале 16 шарахь къахьегна Росгидрометехь (Оьрсийчохь хенан хIоттам тергалбен урхалла) директоран даржехь. Ала деза, Оьрсийчоьнна кхин хьаште йолуш болх а бац Бедрицкийх бисинарг – дуьненна хьалха климатах дог лозуш ца гайтина ша Оьрсийчоьно цкъа.

"Кавказ.Реалиин" хьастанна хетарехь, Нохчийчохь Эдельгериевс яьхначу ирхенех доьзна дац иза Путинан гоне дIавигар. "Иза Кадыров Рамзане болу ларам гайтар ду", - боху цо.

Хьастано бахарехь, Эдельгериев "дехьаваккхар" леррина яьккхина гIулч а яц, хIунда аьлча, президентан аппарат юьзина а, цуьнан декъашхой бовзийтина а ши кIира даьлла, ткъа хьехамчин-климатхочун меттиг Нохчийчоьнан векале беллийла хIинцца бен ца хаийтина.

Хьанна тешор ду Нохчийчохь мукъадаьлла министрийн кабинетан гIант? ДIалаца мега, Кадыровс бинчу хаамца, и меттиг Соьлжа-ГIалин мэран даржехь Iечу Хучиев Муслима.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG