ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НеIарал арахь - Франци, неIарал чоьхьа - Нохчийчоь


Ненан мотт буьйцуш юкъаметтигаш латто гулделла Малхбузехь бехачу нохчийн бераш. Архивера сурт.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:24 0:00
Линкана тIе

ДIадахначу шинарин дийнахь франкофонин дуьненаюкъара де дара. Францхойн мотт дуьненан 29 пачхьалкхехь официалан мотт бу. Франкофонин цхьаьнакхетараллийн хаамашца, тахана дуьненчохь и мотт буьйцурш 300 миллион ца кхоччуш бу.

Амма тIаьхьарчу хенахь ингалсан матто дуьненчохь тIаьхь-тIаьхьа кхин а йоккха меттиг дIалацарна, францхойн мотт буьйцучеран терахь лахдала доладелла.

Цундела Францин Iедало шайн мотт дуьненчохь баржорна хьажош ду кхушарахь 175 миллион евро.

Ткъа хIун кхоллам хир бу нохчийн меттан цуьнан таханлера хьал иштта латтахь? И хаттар дахаран дикка зеделларг долчу баккхийчеран кхолладелла ца Iа.

Жима волуш дуьйна Францехь вехачу Ислама шаьш хьошалгIа дахча бераша чохь францхойн мотт буьйцуш хезча, шаьш цIадогIуш, ойлане а вахна, цIеххьана элира, да-нана шен сингаттамах цец а доккхуш, чохь шайн нохчийн мотт буьйцуш ца хилча бицлур ма бу иза кхузахь нахана, аьлла.

Нохчийн меттан хиндолчух шен доглазар иштта довзийтира Францера жимачу стага Бахаев Ислама: "Со кху Францехь вехаш ву. Со 7 шо кхаьчча веана ву кхуза. ХIинца 21 шо ду сан. Ас цхьана хIуманна тидам бина кхузахь: вайн нохчийн бераша шайн чохь францхойн мотт буьйцуш. Тхоьга тхан дас-нанас ца бийцийтина иза чохь.

Цундела суна а, сан йишина а, массарна а тхуна тхайн нохчийн мотт а хаьа, францхойн мотт а хаьа. И ца хууш вуьсур а вац кхузахь ишта а Iаш хилча, ишколехь а, массанхьа а францхойн мотт хилча. Чохь нохчийн мотт буьйцурш а бу, ас бац ца боху. Вай лар ца бича вайн мотт кхин хьан ларбийр бу?"

Чохь нохчийн мотт бийцарал сов, шен Абат а ю хIокху шарахь дуьххьара ишколе яхна йолчу Францехь йина а, кхиъна а йолчу 6 шо кхаьчначу Иманан. Европехь цхьайолчу меттигашкахь санна, шаьш Iачу гIалахь нохчийн мотт Iамош школа яцахь а, цу абат тIера нохчийн элпаш Iамон лууш ю иза хIинца чохь болчарга хетта а хоьттуш.

Цхьанхьа локхуш хезна хаз а елла, Усманов Iимрана Яндарбиев Зеламхин дешнаш тIехь кхоьллина йолу "Зезаг" цIе йолу йиш а Iамийра цо шена.

"Со Францехь йина ю. Сан 6 шо ду. Со ишколе оьхуш ю. Цигахь францхойн мотт буьйцу. Чохь нохчийн мотт буьйцу.

Чохь францхойн мотт бийца мегаш дац. Ас цундела нохчийн мотт буьйцу. Суна хIинца йиш лакха хаьа.Со лакха йоллу и йиш хIинца:

"Байчу махо ийдеш тIома,

Хьоьстуш малхо, беттасино,

Кхуьуш зезаг суна гина,

Нохчийчо, хьан арахь ломахь..."

Иштта шайн биъ пенал арахь Франци а гуш, чоьхьа жима Нохчийчоь а йолуш бехаш бу Францера дуккха а нохчийн доьзалш.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Хьенан бехкенна хилла Нохчийчохь "Хьалхара тIом"?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG