ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цкъа Instagram, тIаккха - ламаз


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Социалан машанаш адамашна беш болу тIеIаткъам дела денна алсамболуш бу, боху синойн цамгарш толлучу лоьраша. Ши де хьалха Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь YouTube концернан офисехь, белхахошна герз а диттина, кхаа стагана чевнаш а йина, цул тIаьхьа ша шена тоьхна кхелхина къона зуда.

Iедалхоша цкъачунна бинчу талламаша гайтарехь, интернетехь нахана шен кхиамех лаьцна йолу видеош товш хилар я ца хилар вуно деза лоруш хилла цо. Могшалла Iалашъярх а YouTube-хь видеош яржош хиллачу цо тIаьхьарчу хенахь латкхъамаш беш хилла, сайто шен агIонна фильтраци йо, шен видеоканал иштта девзаш ца хилийтархьама, бохуш.

И латкъам мел бух болуш бу цкъачунна къастийна дац. Амма къона зуда хийра нах байъа а, ша яла а кийча хиллал интернетерчу лайкаш я цунна цкъа а гина боцучу нехан комментареш а цуьнан дахарехь сел мехала хилар кхераме вайнзаманахьлера феномен лору тергамхоша.

Ши кIира хьалха немцойн лоьрийн цхьаьнакхетаралло а, ХIамбургерчу университето а цхьаьний дIабаьхьанчу талламаша гайтина жамIаш вуно кхерам тоссуш дара. Миллион сов стаге хеттамаш бинера цу талламехь. Цхьана Германехь 100 эзар адам социалан машанех дозуш хилар гучуделира цуьнан жамIехь.

Дозуш хилар кхузахь цIена бакъонца и машанаш ца хилча ца мегаш цамгар кхетта бохучу маьIнехь ду. И бохург ду корта бахон молханех бозуш болу наркомаш а къаркъа ца мелча ца мегаш болу малархой а санна 100 эзар сов стаг интернет ца хилча ца мегаш хилар. Ткъа уггаре а дукхах хан социалан машанех бозучара ватсаппехь, Instagram-хь йоккхуш хилар а билгалдаьлла.

Нохчашлахь а уггаре а баьржина ши социалан маша бу уьш. Бакхийрачара алсамах ватсапп лелайо. Ткъа кегийнарш берриш а аьлча санна Instagram чохь хан йоккхуш бу. Маршо Радиоца къамел дина Тазуркаева Малика санна.

Бакъдерг дийцалахь, Iуьйранна самаяьлча уггаре а хьалха хIун до ахь аьлла шега деллачу хаттарна иштта жоп делира Тазуркаевас: „Делахь, бакъдерг яьлча, Iуьйранна сама ма яьлла, ламазна хьалагIаттале телефон схьаоьций, Instagram чу хьожу со. Интересе ду, хьан керла хIума чукхоьссина, муьлха керла видео я керла сурт хьан чукхоьссина. Iама а Iемина ца хьаьжча ца Iело“.

Тазуркаевас ша санна шена мел бевзаш болу шен нийсархой а бу боху иштта Instagram ца хилча ца мегаш. Мас дийнахь телефон йоцуш мега хьо аьлла хаьттича, цхьа де а ца даккхало шега, элира цо: „Оффай... Со телефон балхахь йицъелла дIаяхча, мел гена яьлла хиларх, иза йоцуш сахиллалц собар ца далуш цу телефонна тIаьхьайоьду со. Массо а цу чохь Iаш ву. Тхо цхьаьна цIахь Iачу хенахь а массо а шен-шен телефон чохь Iаш хуьлу. Я къамел ца до. Массо а возуш ву-кх цу Instagram-ах“.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG