ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Спорт лело дихкина тIалибаша Афганистанерчу зударшна


ТIалибаша ца могутьйту зударшна, ишта къоман тобанашна юкъахь хиллачарна а цхьаьна, спортехь хила. Цунах лаьцна хаам бина кхаарин дийнахь культурехула йолчу "Талибанан"* комиссин куьйгалхочун гIовса Васик Ахьмадуллас Австралин SBS News гIирсаца дечу къамелехь.

Шен позицех кхетийра цо крикетах ловзаран масална тIехь. Оцу спорте зударий битича, церан яххьаш а, догIмаш а хьовсархошна гуш хуьлу аьлла Васика.

"Исламо а, Исламан Эмирато а ца могуьйту и тайпаниг", - дIахьедина цо.

ТIалибша духьал бац, шайна оьшучу хенахь зударий арабевлла, буьйлабалийта, амма спорт, цунна хетарехь, махкахь бехачу зударшна цаторийла яц.

Марсхьокху-баттахь Васика пурба делира Афганистанерчу крикетах ловзучу божарийн командана Австралехь шо чекхдолуш хинйолчу матчехь дакъалацийта. Делахь а, тIаьххьара "Талибанан" векалша динчу дIахьедарца, тарло оцу бараме божарий-афганхой а цхьаьна ца бахийта.

"Талибан" компромиссе гIура яц аьлла Васика, афганхой Австралехь хIитточу ловзаршка цабитарх дерг дуьйцуш.

Кхаариндийнахь Би-би-си ресурсо дийцира, Афганистанан цхьана провинцехь цIийндена а, доьзална а хьалха зудчунна-полисхочунна герз тохарх. И бакъхиларх тоьшалла деш суьрташ дахкийтира цуьнан гергарчара Британин телерадиокомпанига.

Организацин векало МуджахIид Забиуллас бакъ ца дира, оцу инцидентна тIалибаш бехкехилар. Iедалхоша таллам а бийр бу аьлла, дIа а хьедеш, оцу зудчуьнца шеца хилла цхьа дов бахьана долуш йийна хила а тарло элира цо.

  • Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь радикалан "Талибан" тобано схьаяьккхира Кабул. Бакъоларъярхоша сагатдо, тIалибаш Iедале кхаьчначул тIаьхьа овхIанхойн зударийн бакъонашна шога дозанаш деттарна. 1996-2001-чу а шерашкахь "Талибан" Iедалехь йолчу заманчохь а дара иштта.
  • ТIалибаша маса Кабул дIалаьцначул тIаьхьа хьалхарчу шайн официалан пресс-конференцехь Кабулехь «Талибанан» официалехь волчу векало МуджахIид Забиуллас дIахьедира, кхечу пачхьалкхашца бертахь юкъаметтигаш дIанисъян лууш бу тIемалой аьлла. Зударшка белхаш бойтур бу, доьшуьйтур ду, "юкъараллан хIокху сферехь жигара дакъалоцуьйтур ду цаьрга, амма исламан гурашкахь" элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG