ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Корейна "Томагавкаш" тоха мега Iамерко  


«Томагавк» ракеташ тIехь йолу хIордан тIеман ши кема тIедигина Iамерко зарратан зераш дечу меттигана.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа хьалххе тохарш дан мега Къилбаседа Корейна, рогIера заратан герз деш зераш ца дайта. Цунах лаьцна хаам бина NBC телеканало, Iамеркан талламан сервисан лаккхарчу белхахочунна тIе а тевжаш.

Телеканало дийцарехь, Iамеркан лерринчу сервисашна хиина гергарчу деношкахь Пхеньяно керла зарратан герз зер дIадахьа мегаш хилар. Иза хила мегаш ду Охан-беттан 15-чу дийнахь Къилбаседа Корейн Iедалша и пачхьалкх кхоьллина волу Ким Ир Сен вина де даздеш.

Къилбаседа Корейн зарратан полигонана улле а дигина, «Томагавк» ракеташ тIехь йолу тIеман хIордан ши кема дIахIоттийна Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Оьшуш меттиг хилахь Пентагоно пайда эца мега Тийначу хIорда чохь Iуьллучу Гуам гIайренехь лаьттачу боманаш тухучу дезачу кеманех.

Iамеркан тIеман министраллан векалша цкъачунна кхин хIума дуьйцуш дац хир йолчу тIеман операцех лаьцна. Эскаран векалша билгалдоккху шайн бертахой муьлхха а хила мегачух ларбан Iамеркан тIеман буьйранчалло дерриг а деш хилар.

Охан-беттан 16-чу дийнахь Iамеркан вице-президент Пенс Майк ваха дагахь ву Къилба Корей. Цу пачхьалкхан куьйгалхошца дийцаре дийр ду цо Корейн ахгIайренехь хIоьттина хьал.

Маршо Радион Оьрсийн сервисо билгалдаккхарехь, кху беттан 12-чу дийнахь Iамеркан президенто Трамп Доналда къобулйира Къилбаседа Корейгара схьаболу кхерам дIабаккхаран стратеги. Цу документана тIехь юьйцуш ю экономикан а, дипломатин а гIулчаш. ТIеман тIелатар хьехош дац.

Оццу хенахь, дIадаханчу кIиранах NBC телеканало хаам бира, Iамеркан къоман кхермазаллин кхеташоно хьахийра Трампе Къилбаседа Корей диверсин тIеман тоба хьажо езар, я Къилба Корейхь зарратан герз дIатардан дезара аьлла.

XS
SM
MD
LG