ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стаг верна бехке вина нохчо Итале дIавала пурба делла Германино


2017-чу шарахь 22 шо долу италхо Чьятти Никколона йиттина Нохчийчуьра схьаваьлла 28 шо долу Бисултанов Расул Италига дIавала сацамбина немцойн кхело, хаамбина Il Fatto Quotidiano ресурсо, Италин арахьарчу гIуллакхийн министраллана тIетевжина. Германин кхелахоша динчу хьесапна шаьш реза ду аьлла, билгалдаьккхина министраллехь.

2017-чу шеран Марсхьокху-баттахь Каталонин Льорет-де-Мар гIалахь вийна ву Чьятти. Цунна тIелеттарг кхоъ вара. Йиттинчул тIаьхьа комехь лаьттира иза, цул тIаьхьа велира. Видеокамерех пайда а баьлла, карийна зуламхой, лецира.

Бехкевечух цхьаъ ву Нохчийчуьра вахархо Бисултанов. Масех шарахь Страсбургехь мухIажаран статусехь хан яьккхина цо. Латархойн спортехь хьуьнарш гойтуш хиллера цо Францехь. Жоьпалле озийна важа шиъ – Магамадов Мовсар а, Хабатов Хьабибулла а кхело эххара а маьрша витира.

ХIетахь Италин арахьарчу гIуллакхийн министр лаьттинчу Альфано Анджелинос кхайкхам бира Испанин Iедалхошка, бехкечарна таIзар дархьама шайн ницкъ кхочург де аьлла. Ишта ша реза вацар дIахаийтира цо, шиъ дIахецарна.

Оцу юкъанна кху шеран Мангал-батте кхаччалц Испанерчу набахтехь латтош вара Бисултанов. Иза набахтехь латто хан чекхъяьлча, кхело дIахецнера иза. Марсхьокху-баттахь юха а лецира Бисултанов Германехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG