50 шо кхаьчна Солженицын Александра «Иван Денисовичан дахарера цхьа де» жайна яздина. Цо дуьххьара гайтира Сталинан репрессеша мел шуьйра, йоккха меттиг дIалаьцна Оьрсийчоьнан дахарехь, мел деха ду набахтийн кочар. Маьхаза белхаш бен миллионаш нах, бала хIиттина къахьоьгу тутмакхаш – и бара халкъана 1917 - 1960 шерашкахь Советан Iедало беъна «пайда».
Антисоветан пропаганда лелорна чувоьллина, Экибастузехь № 282 тутмакх а волуш, ша набахтехь даьккхинчу 8 шеран тидамаш бу автора шен жайнехь бовзуьтуш. Ма-дарра гайтира Солженицына Iазапах долу бакъдерг…
Сталинан набахтеш "Иван Денисовичан" бIаьргашца
6
Зударийн-тутмакхаш бу белашца, кира лелочу ворданашца Беломорканалехь къахьоьгуш, 1932-гIа шо
7
« Советан пачхьалкхехь къинхьегам – лараман а, сийлаллин а, хьуьнаран а, доьналлин а орам бу» аьлла яздинчу баннерна хьалха шайн сурт доккхуьйтуш бу Вайдайн хьаннашкарчу набахтера дика болх барца билгалбевлла туткмакхаш, Беломорканал, 1932-гIа шо.
8
Тутмакхаш хьаькамийн къамел дирзинчул тIаьхьа, Беломорканалера набахти, 1932-гIа шо
9
Тутмакхаша духарш тоьгу цех, Беломорканал, 1932-гIа шо