ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сталинан депортацехь хIаллакхилларш дагалоьцу Зазадокху-беттан 8-чохь балкхараша


"С родной земли", Султан Юшаев
"С родной земли", Султан Юшаев

78 шо хьалха хилла депортаци дагалоьцу балкхаройн къомо Зазадокху-беттан 8-чохь. ХIетахь 37 эзар стаг, доккхачу декъанна къаной, зударий, бераш, Юккъерчу Ази дIахьовсийра.

Депортацин инициатор а, иза вовшахтоьхнарг а вара Берия Лаврентий. Официалехь аьлларг дара, ШолгIа дуьненан тIом боьдучу заманчохь нацистийн Германигахьа болчу коллаборционистийн вовшахкхетаршкахь дакъалаьцна бу балкхаройн къоман векалш аьлла.

1944-чу шеран исс баттахь дуьненчу делира 56 бер, кхелхира – 1 592 адам. Официалан хаамашца, 1944-чу шеран Оххан-беттан 1-чу дийнера 1946-чу шеран Гезгамашин-батте кхаччалц Казахстанехь а, ГIиргIазойчохь а мацаллех а, шелонах а, цамгарех а кхелхина 4 849 балкхаро- хIора махкахваьккхинчух борхIалгIа.

Балкхарашна бакъо елира даймахка бахка 13 шо даьллачул тIаьхьа. Зазадокху-беттан 28-гIа билгалдоккхуш ду балкхаройн къоман юхадендалар санна. Кхин а 30 шо даьлча тIеийцира респрессеш лайначарна реабилитаци еш низамаш.

  • Балкхаройн къоман депортацин шерех а, балкхаройх тIом бинчу нахах а, церан даймахка берзарх а дийцира Кавказ.Реалиина филологин Iилманийн докторо, ГIебарта-Балкхаройчоьнан Iилманан хьакъйолчу гIуллакхдархочо Биттирова Тамарас.
  • 1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-чохь Сталин Иосифан омраца вайнехан халкъаш – нохчий, гIалгIай – Юккъерчу Ази дIахьовсийра, ямартхой бу аьлла, бехкебина. "Чечевица" операци дIахьочу юкъанна махках ваьккхира ахмиллион сов стаг. 2004-чу шарахь Европан парламенто геноцидан акт лерира и гIулч.
  • Советан заманахь депортаци йира исс къомана – корейцашна, немцашна, финнашна- ингерманландцашна, ГIирмин гIезалошна, балкхаройшна, кхарачошна, гIалмакхошна, нохчашна, гIалгIашна, туркашна-месхетинцашна. Царех ворхI – немцой, кхарачой, гIалмакхой, гIалгIай, нохчий, балкхарой, ГIирмин гIезалой – оцу юкъанна бехира шайн къоман автономих а. "Репрессеш йинчу нахана реабилитаци яр" аьлла низам тIеийцира СССР-н тIаьххьарчу 1991-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG