ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сталинан сурт тIехь долу тур делла Соьлжа-ГIалин мэрана


Кадыров Хас-Мохьмад

Сталин Иосифан сурт тIехь долу тур совгIатна делла Соьлжа-ГIалин мэрана, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарчу Кадыров Хас-Мохьмадна – церемони лерина яра Сийлахь Даймехкан тIеман рогIера шо кхачарна, яздо Кавказ.Реалиино.

Поклонная гора олучу меттигехь хилира барам – БIаьхочун сийлаллин 45 гIаланашлахь цIе яьккхина Соьлжа-ГIалин а, гуттаренна а лардан цунна дIакхачийна иэсан "Толаман тур". ЧГТРК "Грозный" телеканало зорбане яьккхинчу видео тIехь болчу хаамашца, Сталин воцург а, шаьлтанан гIад тIехь бу Советан заманара маршалаш а, Даймехкан тIеман а, Толаман а мидалш а.

Церемонин куьйгалла деш яра Федерацин Кхеташонан куьйгалхо Матвиенко Валентина – шен къамелахь цо къастийра Сийлахь Даймехкан тIеман ветеранийн а, тахана Украинерчу тIамехь (Кхеташонан спикеро "спецопераци" элира цунах) дакъалоцучийн а цхьаьнадар. ТАСС агенталло хаамбарца, "эксклюзиве шаьлта" Матвиенкос дIакховдийра Буьри-ГIалин куьйгалхочуьнга Икаев Русланбеке.

Буьри-ГIала а, Соьлжа-ГIала а йоцург а Сталинан сурт тIехь долу тарраш делира ГIалгIайчура Малгобекна а, ГIебарта-Балкхаройчуьра Нальчикна а, Ростовна а, Таганрогана а.

  • 1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-чохь Сталин Иосифан омраца вайнехан къаьмнаш – нохчий а, гIалгIай а- Юккъерчу Ази хьовсийра, ямартлона бехкебина. "Чечевица" операци дIахьочу юкъанна махках ваьккхира ахмиллион сов стаг. 2004-чу шарахь Европан парламенто геноцидан акт лерира и гIулч.
  • Советан заманахь депортаци йира итт къомана – корейцашна, немцашна, финнашна- ингерманландцашна, ГIирмин гIезалошна, балкхаройшна, кхарачошна, гIалмакхошна, нохчашна, гIалгIашна, туркашна-месхетинцашна. Царех ворхI – немцой, кхарачой, гIалмакхой, гIалгIай, нохчий, балкхарой, ГIирмин гIезалой – оцу юкъанна бехира шайн къоман автономих а. "Репрессеш йинчу нахана реабилитаци яр" аьлла низам тIеийцира СССР-н тIаьххьарчу I99I-чу шарахь.
  • Кху шарахь Кадыров Рамзана шен социалан машанашкахь видеоролик хIоттийра, къам махках даккхарна лерина, 2020-чу шарахь гIалин юккъехь хиллачу гуламан суьрташ хIиттош. "ХIокху зуламах кхин хIуммаъ а олийла дац, къам хIаллакдар алар доцург", - яздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Депортацех посташ хIиттийра иштта Орсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама а, зорбанан министро Дудаев Ахьмада а. Оцу юкъанна, депортацина лерина "Иэсан суьйре" дIаяьхьира Чиллан-беттан 25-чохь, федералан Турслочун Денца цхьаьна нис ца далийта.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG