ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стамбулехь теракт йина аьлла шеконашца стаг лаьцна


Стамбулерчу Истикляль олучу некъахой дIасалелачу урамехь терроран тохар дина аьлла, шеконаш хилла стаг лаьцна. Цунах лаьцна хаамбина Туркойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Сойлу Сулеймана. Министро бахарехь, Туркойчохь йихкина, Хонкаро террорхойн лору Курдистанан Белхан парти хила тарло оцу терактна бехке.

Эккхийтар хиллера лахьан-беттан 13-чохь. Мел кIезиг а ялх стаг вийна цигахь. 81-нна чевнаш йина, царех шиъ чолхечу хьолехь ву.

Дуккха а нах хиллера урамехь эккхийтар дечу заманчохь, цул тIаьхьа хьалхарчу секундашкахь яьхна видеош зорбане ехира.

Туркойчоьнан вице-президенто Октай Фуата хаамбира, зудчо йина хила тарло теракт аьлла.

Цкъачунна динчу эккхийтарх жоьпалла цхьаммо а тIелаьцна дац. 2015-2016-чу шерашкахь Туркойчоьнан йоккхачу гIалахь масех терроран тохар дира "Исламан пачхьалкх" олучу террорхойн тобано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG