ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополан кIоштахь полисхойн хьаькам вийнарг Нохчийчуьра хиларх шеконаш ю


Яхначу буса Ставрополехь машенаш дIахIитточохь вийна номер 4 йолчу полицин зулам къасторан декъан хьаькаман гIовс волу Абовян Руслан. Карарчу заманчохь киллер лоьхуш ву. Коьллаш юкъара схьаваьллачу, бетах маска а, куьйгех каранаш а долчу стага полисхочун машенна улло а воьдий, цунна тапча етташ, арахьа хIоттийначу видеокамерано дIаяздинарг Iорадьккхина интернетехь. Къайлавала гIоьрту Абовян, амма киллеро тIаьхьа а волий, герз детта цунна. Цул тIаьхьа ВАЗ-2109 машенахь къайлаволу зуламхо.

"Перехват" план кхайкхийра бакъоларъяран органаша. Цхьа сахьт даьллачу хенахь автомобиль карийра "Кавказ" федералан трасси тIехь, Ставрополан кIоштарчу Курсавка эвлана гергахь. Оцу юкъанна киллер аренашкахула ведда ваьлла.

"Опер Слил" телеграм-каналан хаамашца, хила тарло Абовян вийнарг Нохчийчуьра вахархо Кениев Заурбек. Карарчу хенахь лехамашка велла ву иза.

Baza телеграм-канало яздарехь, Абовян веран цхьа верси ю - бекхам. Ялх шо хьалха Нохчийчохь стаг дIалоцучохь хилла ву иза.
ХIетахь Ставрополан кIоштарчу полисхоша дIахьочу леринчу операцехь вийра меттигера вахархо Дадаев Джамбулат.
Бизнесхочунна Тазиров Мохьмадна (Мага Манасский) кIело йинчух тера ду аьлла хеташ лоьхуш вара полисхоша Дадаев.

ХIетахь оцу хиллачо эргIад вахийтира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Нохчийн Iедалхошна хууш хIума а доцуш, дIаяьхьна яра и операци аьлла, дIахьедира цо.

Бакъоларъяран органийн пресс-гIуллакххоша жоп ца делира Кавказ.Реалиина полицин хьаькам верах лаьцна комментарий ехча.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG