ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополехь Агутинан а, Кока Клавин а концерташ цахилийтар тIедожийна Кадыровн юкъаралхоша


Агутин Лаеонид
Агутин Лаеонид

КадыровгIахьа йолчу юкъараллин организацин Ставрополерчу векалша доьху оцу гIалахь Агутин Леонидан а, Кока Клавин а концерташ ма хилийта бохуш. Оцу кепара мехкан губернаторе Владимиров Владимире бинчу кхайкхамна куьйгаш яздина жигархоша.

"Халахеташ делахь а, вайн пачхьалкхан политикана, мехаллашна, культурин ламасташна а, динна а дуьхьал болчу арстисташна Ставропол-мохк кест-кеста "рестартан" майда хуьлий дIахIутту", - далийна "Кавказский Узел" ресурсо кхайкхамна юкъара дешнаш, "Наш дом – Грозный" боламан куьйгалхочунна Гучигов Сайпуддина тIетевжина.

Агутин Леонид бехкево, "Украинера спецоперацина критика ярна", ткъа Кока Клава – Владивостокерчу килсана хьалха "маьттаза йиш лакхарна". Ткъа хIинца, боху, Ставрополера кегийрхой цо талхор бу.

Гезгмашин-беттан 15-чохь бахка безаш бара Оьрсийчоьнан артисташ.

  • "Наш дом- Грозный" вовшахтохараллин аккаунтехь тIаьххьара пост хIоттийна 2021-чу шеран гIадужу-беттан 14-чохь. Шайн Iалашо ю боху боламо "тайп-тайпана къаьмнаш а, динаш а цхьаьнатохар".
  • Лахьан-беттан 4-чохь Соьлжа-ГIалахь хир ю аьлла, дакхайкхийна Jony цIе лелочу азербайджанхойн концерт юкъахъяккхаза йитира динан фундаменталисташа а, "оьздангаллехь къийсам латточара" а. Иллиалархочуьнгахьа гIо даьккхира мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана а, къоман политикан, информацин министро Дудаев Ахьмада а, цара хьалхо гоьбевллачу артистийн концерташ юкъара дIаяха еза баьхнашшехь.
  • Шен къамелехь Кадыровс марсхьокху-беттан 31-хь даздарийн ХIусамна хьалха "диллинчу къамеле кхайкхира" Jony иллиалархочун критикаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG