ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополехь полицин хьаькам вийна аьлла бехкехетарг лаьцна


Ставроплерчу Андроповн кIоштан дозана тIехь лаьцна, регионерчу номер 4 йолчу полицин зулам къасторан декъан хьаькаман гIовс волу Абовян Руслан вийна аьлла, шеконаш хилла 28 шо долу стаг. Хаам бина Ставрополан кIоштарчу Талламан комитетан урхаллан пресс-гIуллакххоша.

Лаьцначуьнгара яьхна, дийцарехь, тапчанийн бетташ а, патармаш а. Цхьа могIа экспертизаш ян лерина бу цуьнан хьокъехь, шайлахь баллистикан а, дактилоскопин цхьаьна йолуш. Абовян Руслан верна бехке хила тарлуш болу нах а бу лоьхуш ишта.

  • Шоьтан дийнахь Ставрополехь машенаш дIахIитточохь вийра номер 4 йолчу полицин зулам къасторан декъан хьаькаман гIовс Абовян Руслан.
  • Baza телеграм-канало яздарехь, Абовян веран цхьа верси ю - бекхам. Ялх шо хьалха Нохчийчохь стаг дIалоцучохь хилла ву иза. ХIетахь Ставрополан кIоштарчу полисхоша дIахьочу леринчу операцехь вийра меттигера вахархо Дадаев Джамбулат. Бизнесхочунна Тазиров Мохьмадна (Мага Манасский) кIело йинчух тера ду аьлла хеташ лоьхуш вара полисхоша Дадаев. ХIетахь оцу хиллачо эргIад вахийтира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Нохчийн Iедалхошна хууш хIума а доцуш, дIаяьхьна яра и операци аьлла, дIахьедира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG