ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополера вахархочунна 15 шо кхайкхийна, цо терроризмана ахча латтийна аьлла. Гергарчара дийцарехь, сагIина делла ахча ду и

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбан гонашкарчу тIеман кхело таIзар кхайкхийна Ставрополан кIоштарчу вахархочунна Баширов Махачна терроризмана ахча латтор аьллачу артиклехула. Цунна шогачу хьелашкарчу колонихь даккха 15 шо кхайкхийна, хьалхара пхи шо набахтехь а токхуьйтуш. Бехкевенчун гергарчара дIахьедина, ша лацале масех де хьалха ши эзар сом ахча хьажийнера цо сагIина аьлла.

Кхелан версица, 2020-чу шеран бIаьста Кисловодскехь Башировс "Иракъан а, Левантан а Исламан пачхьалкх" цIе йолчу террорхойн йукъараллина дехьадаьккхина и дуьйцу ахча. Дуьйцург мел ахча ду а, иза бехкехиларх хIун тоьшаллаш шайгахь ду а, кхеле хIоттийначо аьлларг а, хаамехь йаздина дац.

Ставрополан вахархо лаьцначул тIаьхьа а ницкъахойн официалан рапортехь цунах лаьцна кIорггера хоуьйтуш дацара. 2021-чу шарахь нисделла ду хIара гIуллакх хIетахь Башировца цхьаьна лецира кхин а йалх стаг: Умаров Расул, Исмаилов Юсуп, Тамбиев Ислам, Кахунов Анзор, Дарсаев Адам, Рабаданов Рабангаджи а.

ХIетахь и тоба бехкейора цхьана динан йукъараллехь дакъалацарна, церан Iалашо йу бохура "бусалба динан радикалан кеп билгалйаккхар, Оьрсийчохь йукъара исламан пачхьалкх кхоллар" а. Оцу йукъараллин декъашхой бу бохурш, цуьнан цIе Талламан комитето ца йовзийтира, иштта бехкебира 2021-чу шеран охан-баттахь Кисловодскехь терроран тохар дан кечлуш хиллера аьлла а.

  • Адвокаташа а, бакъонашларйархоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.
  • Оьрсийчуьра дIайахна Ростов-ГIалара жигархо Шевченко Анастасия бехкейина терроризмана гIо латторна, цо украинхойн "Азов" батальонна лерина ахча лахьор кхайкхийча. Къилбан гонашкарчу тIеман кхело йукъарчу хьелашкарчу колонихь даккха 17 шо кхайкхийна цунна.
XS
SM
MD
LG