ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополера яхархо бехкейина гIаттамхошца хилла ю аьлла


Бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанхошлахь дакъалацарна а, террорхойн юкъараллехь гIуллакх дарна а Ростов-ГIаларчу Къилбан гонашкарчу тIеман кхело Ставрополерчу яхархочунна Гардалоева Разетана бехк тIехь а буьтуш, пхи шо хан кхайкхийна цунна.

Бехкбиллархойн версица, 2015-чу шарахь Гарадалоева шен хIусамдеца Шема яхана хилла, цигахь "Джейш-аль-Мухаджирин валь-Ансар" тобанах дIа а кхеташ, Товбеца-баттера ГIадужу-батте кхаччалц тIемалошна гIо латтийна цо – кхача кечбеш, цIано латтош, церан барзакъ дуьттуш, цIандеш, иштта дакъалаьцна тобанан "вовшахкхетачу барамашкахь", цул тIаьхьа Шемара араяьлла иза.

  • Шемахь Асад Башаран Iедална дуьхьал тIемаш бинчу "Джейш-аль-Мухаджирин валь-Ансар" тобанехь бара доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказера а, СССР-н хиллачу кхечу мехкашкара бахархой а.
  • "Джейш-аль-Мухаджирин валь-Ансар" террорхойн организаци лоруш Оьрсийчохь сацам бина бац. Делахь а церан тоба йоьзна яра Оьрсийчохь террорхойн лерина, йихкинчу "Кавказан Имарат" вовшахтохараллица, цул тIаьхьа (Кавказский узел гIирсан хьостанийн хаамашца – 20I1-чу шеран ГIадужу-баттахь), 2015-чу шарахь Оьрсийчохь террорхойн ю аьлла, тIеэцначу Джебхат ан-Нусра" тобана юкъаяхара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG