ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополерчу бусалбанашна таIзар дина, Iедалшца дага а ца довлуш, назбанаш аларна


Ставрополан гIалан Промышленни кIоштан кхело жоьпе озийна делах теша кхо стаг, Iедалшца дага а ца бовлуш, цара динца йоьзна мероприяти ярна. Саламов Мохьмада а, Хаамирзаева Раджаба а, Гитинов Мохьмада а даре дина шаьш бехке хилар, ламаз а деш, динца боьзна бусалбанийн гулам дIабахьарна.

Административа бехктакхаман гIуллакх къастош гулйинчу материалашца а догIуш, Ставрополехь "София" олучу банкетин чоьнехь дин лелорца боьзна гулам дIабаьхьна цара, Iелим наха хьехамаш а беш, назбанаш а олуш. Оцу вовшакхетарехь дакъалоцуш хилла 200 сов стаг, цуьнах лаьцна хаам баржийна хилла инстаграм машанехь.

Административан бехктакхаман гIуллакхаш суьде кхаьчна ГIадужу-беттан 26-хь, амма кхело сацам хIинцца бен ца бина.

Кхеле озийначара массара а бехк тIелаьцна, цара дIахьедина шаьш дохкадевлла Хиларх лаьцна, административан къепе талхорна. Оцу кхаа стага дичунна гIуда тоха дезаш дара, я уьш чубохка безаш бара хIоранга а 10 де-буьйса набахтехь а доккхуьйтуш.

И кхо гIуллакх листинчу федералан суьдхочо Филимовнов Александара мелла а кIеда таIзар кхайкхийна - ишттаниг лело мегар цахилар дIахаийтар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG