ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополерчу ГИБДД-н хьаькаман долахь хилла 21 хIусам а, 6 машен а


Сафонов Алексей
Сафонов Алексей

Коррупцица доьзна лаьцначу Ставрополерчу некъан полицин хьаькаман Сафонов Алексейн долахь кхин а ара-чу ца баккхалун бахам – 21 хIусам а, ялх автомобиль а, хилар гучудаьлла. Шен а, шен гергарчийн а цIартIе баьккхина хилла цо буьйцу бахам. Цунах лаьцна дIахьедина Оьрсийчоьнан инарла прокуроро Краснов Игоря Новости агенталлана еллачу интервьюхь. Чохь дашо унитаз а йолуш, исбаьхьа доккха цIа Сафоновн долахь хилар гучудаьллера хьалхо.

Красновс бахарехь, гергарчу хенахь кхело луьстур ду, билгалбаьккхина бахам пачхьалкхан дола берзош искан дIахьедар. Инарла прокуроро иштта тIетоьхна, оцу гIуллакхца доьзна лебечу Сафоновн куьйгакIел хиллачу цхьа могIа белхахойн активаш хилла бIеннашкахь миллионашкахь соьмийн меха.

"Бехкзуламан жоьпалле озийна оцу гIуллакхна тIехула беза ара-чу ца бакхалучу бахаман да а, цуьнан куьйгакIел хилла цхьа могIа белхахой а. Оцу даржашкахь шаьш долчу заманчохь, къастаза ду стенгара долуш хилла ахча, цара эцначу бахаман барам бу бIеннашкхаь миллионаш соьмаш", - аьлла Красновс.

Ставрополан кIоштарчу ГИБДД-н куьйгалхо Сафонов Алексей а, 30 сов цуьнан белхан накъост а лаьцна ву баккхийчу барамашкахь кхаьънаш эцарна кху аьхка. Шеконашка эцначийн белхан меттигашкахь а, церан хIусамашкахь а талламаш бира. Сафоновн шахьарахь беза йийбар а, дашон варкъ диллина техника а, иштта, дашо унитазаш а гучуевлира. ЧIагIдарца, лецна ГИБДД-н белхахой "зуламхойн тобанехь документаш а, исбаьхьа машенийн номерш юхкуш" лелла.

Иштта, талламан версица, Сафоновс куьйгалла а деш, Ставрополан дозана тIехь дIасалелачу кир кхоьхьучу машенийн долахошкара кхаьънаш а оьцуш, царна харц кехаташ а хIиттош белхаш бина цара. Талламан комитетан лараршца, 19 миллион сом ахча даьккхина цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG