ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Стенна дуьхьа? Ца ваьллачу денна". Нохчийчуьрчу эскархочун нанас – Украине гIортарх


Нохчийчуьра эскархо, гайтаман сурт
Нохчийчуьра эскархо, гайтаман сурт

Нохчийчуьра 30 шо долу Салман Украинерчу чугIортарехь дакъалоцуш ву чиллан-беттан 24-чуьра схьа дуьйна. Эскархочун нана гIоьртира иза тIамтIе ца вахийта, амма гIуллакх ца хилира цунах. ТIамехь дакъалацаро шен кIант хийцарх а, шен ладоьгIийлех а дийцира Кавказ.Реалиига Салманан нанас.

56 шо долу Хьалимат (цIе хийцина. – Билг.) байлахь йисира, шен 30 шо долуш. Цуьнан хIусамда тIепаза вайра 1996-чу шеран марсхьокху-бутт бовш Соьлжа-ГIалахь штурм хиллачул тIаьхьа. Шахьарахь еха шен къена нана ган воьдуш хиллера иза. ТIаьхьо схьакарийра цуьнан дакъа, дIа а воьллира. Ша кога-ирахIоттийна Хьалимата шен кхо бер. Ши йоI марехь ю цуьнан, шайн доьзалш а болуш, ткъа 30 шо долу Салман хIусамненаца а, кхаа бераца а кхуьнца веха.

Ша дешна яц Хьалимат, цундела кхечу белхан меттиге дог дохийла а яцара – юьртара школа бен, цигахь 20-х сов шарахь горгамаш хьоькхуш, белхаш бина. Цо ша дага ма-леццара, хала хенаш яра, алапа жима дара, цундела кхечухьа а лол бетта дийзира цуьнан: Iай а, бIаьстенан юьххьехь а хьонке оьхуш, и бухкура цо, аьхка школехь берийн садоIийла йолуш кир-сир деш болх бан арайолура, цунах дикка гIо а хуьлура кхуьнан доьзална.

Хьалимат йоккхайоь, шен цхьаъ бен воцчу кIанте дешийта шен ницкъ кхачарна, тIаьхьо цунна и дешар ца эшнехь а. Соьлжа-ГIаларчу университетехь экономикан факультет чекхъяьккхина цо. Деша а хала дийшира, амма "кхин а чолхе хиллера шен говзаллица болх карон гIалахь а, кIоштахь а, дика алапа а догIуш", дуьйцу зудчо.

– Кхо шо хьалха шен доттагIчуьнгара хиира кIантана, Веданан кIоштахь куп тоьхначу «Юг» батальоне (ша йолу леррина Росгвардин Къилбаседа Кавказан гонашкара «Юг» батальон – Билг.) балха нах бу дIаоьцуш аьлла. Амма цига балха хIотта оьшура 200 эзар сом. Юьхьанца тийсаелира со кIантах, тIеман структурашка иза вахийта цалаарна, суна даим а лиънера сайн кIентан маьрша болх хила. Делахь а, хьал хIетахь ледара дара, сан пенси а, ас горгамаш хьоькхуш доккхург а тхуна ца тоьара.

– Салманан оцу заманчохь доьзал барий?

– ХIаъ, зуда а, ши кIант вара цуьнан. Хьуна хаьа-кх, мел дукха оьшу кегийчарна…Массо а хIуманца кхачам оьшу, кхечеран санна, тIаккха къаръелира со. Банкехь кредит эца сацамбира оха, цуьнан алапаца а, сан пенсица а хене девр ду вай аьлла. Банкан декхар дIатекхна, доккха са доккхушехь, Украинехь тIом бели.

Сайн ма-хуьллу цуьнан командирца цхьанакхета гIиртира со, сан кIант Украине ма вахийтахьара ахь аьлла, цуьнга дехар дан

ТIом болабалале бутт хьалха сан кIанта къадийра соьга, Украинаца дозане дахийта мега шаьш аьлла, са ма гатде, герзаш кхийсар хир дац цигахь, "эцца дIа латта а лаьттина, юхадогIур ду" аьлла, забарца дерзон гIоьртира иза.

Синтем байнера сан. ТIом баьлча, тIаьххьалц моьттура суна, иза цига хьажор вац, хIунда аьлча, оцу хенахь кхо бер ду цуьнан кхобуш, ткъа сан могушалла а ледара яра.

– Муха элира хьоьга кIанта, ша тIамтIе воьду аьалла?

– "Нана, сайн доттагIийн бIаьра муха хьожур ву со?", - и дара цо дуьххьара соьга аьлларг. Украинерчу берашца гергарло тасаделлера цуьнан социалан машанашкахь, масех шо хьалха цаьрца цхьана балха а вахара иза Сочи. Уьш-м Нохчийчу а ма баьхкира, вайгахь хилира, Къоьзанан Iома тIе а бахара, дика бераш дара. Стенна делахь а, уггар хьалха шен доттагIий дагабаьхкир-кх цунна.

Цаьрга денна [батальонехь] олуш хиллера: кхан доьлху, кхана доьлху. Иштта шолгIачу кIиране бевлира уьш. Тхан доьзална боккха сингаттам бара иза, дийнахь а, буса а Деле доьхура ас, иза ма вахийта ахь бохуш. ТIаьххьалц тешна а яра со, вохуьйтур вац аьлла.

– Вахийтир-кх?

– ХIаъ. Юьхьанца юучух-молчух дIахаьддера со, телефон буйнара охьаюьллуш яцара ас, цо телефон тохахь-сайна цахазарна кхоьруш. Наб озийначул тIаьхьа тIом дуьхьалхIуьттура суна, гIовгIанаш, лелхийтарш. Цкъа мацца а эккхар долчу молханех дуьзначу боьчки тIехь санна Iара со, и маца эккхар ду а ца хууш.

– Вукху агIор болчу нехан ойла ян а йорий ахь? Ма-дарра аьлча, хьан кIант царна дуьхьал ваьлла, ткъа уьш шайн хIусамаш дIа а туьйсуш, берех ка а йетташ, бовда декхарийла хилла, дуьне ма-дду акха а бевлла, цкъа мацах нохчий а санна.

– Сан чIогIа дог лозу украинхойн къомах, денна цигахь леш болчех а. Суна гина маьрша нах берашца уьдуш, метро чохь левчкъина Iаш, цхьана заводера уьш кIелхьарбохуш, уьш бевдда боьлхуш некъаш тIе йетташ.

– Оьрсийчоьнан телехьожийле хьоьжу хьо?

– ХIан-хIа, суна интерент лело хаьа, тик-токехь хьоьжу со, инстаграмехь а, фейсбук йоьшу. Оьрсийн а, нохчийн а зорбанаша боху "вайн эскархой даймохк Iалашбеш бу". Ца кхета со, шен даймохк нехан дозана тIе а вахна ларбан стенна беза?

– Ахшо дIадьалла Украине чугIоьртина. ХIун боху хьан кIанта хIокху тIамах лаьцна? Цо дуьйций хьоьга, билггал цигахь долчух?

– Цунах лаьцна шен ма-хуьллу соьга ца дийца гIерта иза. Ас хоьтту: "ХIун ду цигахь, дийцахьа соьга". – Нана, хьуна стенна оьшу цунах хаа? Делан къинхетам бу, со дийна-могуш хьуна уллохь хиъна Iаш хилар, цул а дийцахьа, хьан могушалла муха ю",- къамел дерзадо цо.

Амма суна цуьнан бIаргашца гуш ду, дахарца хилла шовкъ дIаяьлла цуьнан. Салман ша цхьа ийна, самукъане вара, цунна дага ца догIуш хIума а ца хуьлура накъосташца вовшахкхетча. ХIинца хийцавелла, къанвелла. Кийрара цIе яйча санна ву.

Ши бутт хьалха лазийнера иза белшах, цунах бахьана а дина тIамах ваккха гIоьртира тхо иза, амма гIуллакх ца хилира. Сан йоккхаха йолу йоI марехь ю, Санкт-Петербургехь беха уьш. Цигахь цхьана организаци яханера иза, цуьнан цIе яккха ца лаьа суна, цара юрист велира тхуна, цунах дагадовла а ларийра, цхьа дегайовхо гIаьттинера сан, юха а аьтто ца белир-кх.

– ХIунда?

– Украинехь иза лазийначу заманчохь, цунна чов ярх кехат-тоьшалла даккха аьтто ца хиллера, тIаьхьа Ростворчу лазартнехь дехча, уьш дуьхьал хилира и дала.

Путина лур ду аьлла и ахча ца далархьама ца деллехь а кехат, йа хууш яц со-м стенна. [Лазартнерчу лоьраша] яздира тхоьга, цунна йина чов Iедалхоша компенсациш дала таро лучу тIечIагIйинчу чевнашлахь яц аьлла. ТIаккха Салмана кхин дIа дийца а ца оьшу аьлла, тесна дитира оха.

– Иза оцу тIамтIе вахийтале хьалха таро яцара, цига хIуъа дина а ца вахийта?

– Со ца хьаьжира моьтту хьуна? Салманна а ца хоуьйтуш, цуьнан командирца къамел дан, иза тIамтIе ма вахийтахьара бохуш, дехарш дан лерина яра со. ХIора денна, балха йоьдуш санна, церан гIишлонан [батальонан] кевнашка йоьдура со, Салманан командир ларвеш. ХIоразза цигарчу КПП-хь жоп лора суна: "хIокху сохьтехь вац иза", йа "тахана хир вац".

Цхьана дийнахь цигахь ха дечохь цхьа бакъахьара кIант нисвелира суна, стенна оьшу хьуна командир аьлла, хаьттира цо соьга. Ас ма-дарра дийцира цуьнга, ша хабар командирах дIатухур ду аьлла, дош делира цо. Кхин а масех дийнахь цхьа дика болх хиларе сатийсира ас, шозза сан кIентан командир тIехвелира, со ца гуш санна, эххар а, кевне ян дихкира суна.

Ахчана дуьхьа вац сан кIант цигахь, ца ваьллачу денна ву

Цул тIаьхьа сан йишас хьийхира суна паччахье Рамзане [Кадыровга] ватсапехула йистхила аьлла, Салман кертахь цхьаъ бен вац, цуьнан кхобуш кхоъ бер ду, хьайн диабет ю, лакхара цIийн Iаткъам бу алий.

Салманан девешин йоI ю хьекъал долуш, юстицин министарллехь болх беш ю иза, ас дехар дира цуьнга цхьа бух боллуш кехат яздехьа суна аьлла.

ШолгIачу дийнахь и кехат дохьуш сох кхета езаш яра иза, цуьнан метта чуиккхира суна веана сан марваша, цуьнан да. ЧIогIа дера вара иза, мохь хьоькхура суна тIе: тхо юьхьIаьржа хIиттон араяьлла ю хьо, массо а ву тIамтIе воьдуш, хьайниг вахар а бац боккха болх бохура. Суна дихкира цо, куьйгалхочуьнга [Нохчийчоьнан] яздан а, батальонан командире йистхила а, цхьаьнцца а кхунах лаьцна дийца а.

– Хьан марвешин буй воIарий?

– ХIаъ, цуьнан шиъ хилла Украинехь. Цхьаннан корта лазийнера чугIоьртинчу хьалхарчу баттахь, иза мукъаваьккхина, шолгIаниг шина кIиранна цIа ваийтинера.

– Ахчанаш оьций хьан кIанта?

– ХIаъ, дукха ахча дац, хIора баттахь алапа догIу цунна.

– Лазийначу цунах компенсаци лур ду аьлла, дегайовхо юй хьан?

– Цунна чевнаш ярх тоьшалла ма дац! Далла гуш ду-кх, суна оьшуш ма дац и ахчанаш, суна хьарам ахча хета и. Сан кIант ахчана дуьхьа вахана ма вац цига, ца ваьллачу денна ма ву. Деле доьхуш Iаш ю со, сихха хIара тIом дIаберзабе ахь, массо ненан кIант дийна-могуш цIа ваийта бохуш.

Стенна дуьхьа тIом беш ву? Цхьана а хIуманан дуьхьа, ца ваьллачу денна. Тхан эвлара дуккха а хьежийна цига, ватсапехь чат ю тхан цхьаболчу наношца йина, вовшашца уьйр латтайо оха.

– ТIаккха хIун дуьйцу ватспехь наноша?

– Ма-дарра аьлча, со ца теша, уьш тIамехьа бу, нах байарна дуьхьал бац, йа шайн берашна са ца гатдо, украинхойх дог ца лозу аьлча… Хьуна хаа ма хаьа, хIун хьал ду лаьттарг, совнах дош ала а ма ца баьхьа нах.

"Вайн даймохк Iалашбеш бу", "вайна тIелата дагахь хиллера" олу. Ас олу, тIе лата ма ца летира вайна, вай ма ду тIелеттарш.

– Чатехь иштта олу ахь?

– Миччара, сайн дагахь.

– КIанта телефон тухий шуьга? Стенгахь ву иза хIинца?

– Сунна хууш хиларца, тIемаш бечохь вац иза хIинца, церан [Оьрсийчоьнан эскарийн] карахь йолчу меттигашкахь къепе латточаьрца ву иза. ТIаьххьара цIа веана волуш иштта элира соьга Салмана. ХIора денна телефон дIасатохар хуьлу тхан, телефонехь ца хеза суна герзаш дийлар, лелхийтарш, цундела хьалхачул мелхо а паргIат ю со.

***

Нохчийчоьнан Iедалхошна оппозицехь долчу телеграм-каналаша республикера шайн лаамехь Украине боьлхучех видео яржийра – оцу тIехь хеза уьш новкъабохучу зударийн белхар. Го бинчу меттигна дехьа бу уьш, царна хьалха герзашца нах бу. Кадыров Рамзанан критикаша чIагIдо, меттигерчу бахархошка бертаза дакъалоцуьйтуш ду тIамехь, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевллачу нахе а цхьаьна.

Нохчийчохь ши тIом бирзинчул тIаьхьа зуламийн тулгIе яьржира Оьрсийчухула. Зорбанан гIирсашкахь кест-кеста публикациш гучуюьйлура, тIеман декъашхо хилла хьенех йа минех тIелетта шен зудчунна, маре ян дуьхьалъяьлча йийна, йа салтий хиллачара талораш, къоланаш лелийна, бизнесхой байъина бохуш. Ницкъбаран керла тулгIе хир ю олийла дуй – хIинца Украинехь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцначаьргара схьа? Цунах лаьцна къамел дира Кавказ.Реалиино тIамера юхабирзинчу эскархойн гергарчаьрца.

Украинан кхерамзаллин Кхеташоно таллам болийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьокъехь, иза бехкево пачхьалкхан Зуламан кодексан кхаа Iедалан къепехь: дера тIом дIахьор, пачхьалкхан цхьаалина тIегIортар, Оьрсийчоьно Украинан дуьхьал йолийна агресси къобалъяр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG