ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьший-те Telegram-х теша?  


Telegram лого.
Telegram лого.

Москох дуьненаюкъарчу меттигашкахула йолчу пачхьалкхан институтан (МГИМО) профессоро Соловей Валерийс социалан машанашкахь хаам бина, Iедалан аьтто бу могIарерчу бахархоша интернетехь яздечунна тIекхача аьлла. Цунна хетарехь, Iедалша шайн тидаме эцна Telegram мессенджерах пайда оьцучу наха вовшашка яздийриг, хаам бо Кавказ.Реалии сайто.

«Telegram мессенджеран трафикана а, кхаа шарахь IаIийначу архивана а тIекхаьчча Iедал аьлла шеко йолуш ву со», - яздина МГИМО-н профессоро Соловейс шен Facebook-ехь йолчу агIон тIехь.

Цу хаамо, адамаш вуно синтембайина хиларна, Соловейс дуьйцург харц деш дIахьедар дан дезна "ВКонтакте" а, Telegram а кхоьллинчу Дуров Павелан. «Иза харц ду. Цхьана а пачхьалкхан низамо Iаткъам бийр бац Telegram-ан политикана», - яздина цо шен Twitter-хь йолчу агIон тIехь.

Кавказ.Реалии сайто телефонехула къамел дина профессорца Соловейца. «Информаци соьга кхаьчна теша мегар долчу а, ша дуьйцург хIун ду хуучу а сурсатера», - элира профессоро. Цо дийцарехь, Iедалш кхоьруш ду мессенджерех а, социалан машанех а.

Хууш ма хиллара, цхьайолчу пачхьалкхашкахь дихкина ду социалан машанех пайда эцар. Ткъа цхьайолчу пачхьалкхашкахь цу тайпа дехкар юкъадоккху юкъа-кара.

Масала, стохка Туркойчоьнан Iедалша кхелан сацамца болх бечура совцийра шайн махкахь социалан машанаш.

Китайхь сих-сиха блок хIоттайо Оьрсийчура "ВКонтакте" цIе йолчу социалан машанна.

Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь тIаьхьарчу хенахь бахархой латкъамаш беш бу, шаьш "WhatsApp"- хь яздийриг Iедалша доьшу бохуш. Цуьнан долахоша иза бакъ дац бохуш чIагIдахь а, дуккха а цигарчу бахархоша дIаяьккхина шайн смартфонашна тIера и мессенджер.

Профессорна Соловейна хетарехь, Оьрсийчохь политикан кризис эккхахь Iедалша дIакъовла мегаш ду социалан машанашна тIекхачар.

Дуровс аьллачунна комментари еш, «кхин хIун эр дара цо, тIечIагIдийр дара цо иза» элира Соловейс. Цо чIагIдарехь, Telegram-хь яздийриг деша аьтто бу Iедалан аьлла цуьнга дийцина волу стаг IT олучу технологин говзанча ву.

Соловейс дийцарехь, Iедалша тIедилларца, Оьрсийчура муниципалитетийн белхахоша шуьйра пайда оьцу Telegram-х. Нагахь Iедалан аьтто бацахьара иза шайн Iуналлехь латто, иза дийр дацара Оьрсийчохь аьлла хета цунна.

Стохка ГIура-беттан 24-чу дийнахь Дуровс дIахьедар дира, Оьрсийчоьнан Iедалан аьтто бийр бац ша Telegram-ан клиенташа дуьйцург дешийта аьлла. Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан интернетехула хьехамча волчу Клименко Германа элира, нагахь Iедало бохург ца дахь Telegram дIачIагIа мегаш ю Оьрсийчохь аьлла.

Telegram лелор дихкина ду ГIажарийчохь а, Сауди Iаьрбийн пачхьалкхехь.

XS
SM
MD
LG