ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьар ду 'Роснефть' кхаба!


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Роснефтан куьйгалхо Сечин Игор а, Кремл, Чиллан-беттан 25 де, 2017-гIа шо
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Роснефтан куьйгалхо Сечин Игор а, Кремл, Чиллан-беттан 25 де, 2017-гIа шо

‘Тоьур ду Кавказ кхаба’ боху лозунг яра масех шо хьалха муьлххачу а оьрсийчунна дика евзачех цхьаъ.

Нохчийчохь жигара тIематийсадаларш лахделчхьана, махкахь хьалайина масех гIишло а, тодийна некъаш хааделча, уьш дотацийн ахчанех дина ду, бохуш реза ца хиларна хьалхатеттина яра и шатайпа лозунг. Тидаме ца оьцура и дешнаш айина лелочара Нохчийчоьнан мехкадаьттах а, цунах йоккхучу продуктех а пайдаоьцу хилла экономика шина тIамехь Оьрсийчоьнр ерриг хIаллакйина хилар.

Совет пачхьалкхехь уггар эвсарачу экономикан дакъа хилла Нохчийчуьрчу мехкадаьттах бензин а, кхийолу продукт а йоккху заводаш бомбанаш йитиначул тIаьхьа, саьлнашка ерзийнера республика ‘кхобучу’ Кремлино.

2000-чу шарахь Нохчийчохь боьдуш луьра тIом болуш, Нохчийчоьнан мехкадаьттан урхалладар дораха карадерзо каелира Питербухехь бух болчу мехкадаьттан кампанинан ‘Роснефт-о’. Цу хенахь дуьйна Нохчийчохь доккхучу мехкадаьттах пайда оьцуш хиллехь а, кепек ял ца елла цу кампанино Нохчийчуьрчу бюджетана. "Тхуна федералан Iедалашкара ахча ца оьшу, тхуна Нохчийчоьнан мехкадаьтта республике дола схьалахь." бохуш дIахьедора Нохчийчоьнан цу заманехь куьйгалхо хIоьттийнчу Кадыров Ахьмадс, амма цуьнан кхайкхамаш ца хезара Кремлина.

Белхан меттигашна къоьлла йолчу Нохчийчохь мехкадаьтта а доккхуш, Налчикехь мехкадаьттах пайдаоьцу индустри кхолла Роснефтан Iалашо юйла хиъча, Кадыров Рамзанс изза индустри Соьлжа-ГIалахь ян еза, аьлла дIахьедира. Цул тIаьхьа, къийсам болабелира цу кампанина а, Нохчийчоьнан куьйгаллина а юкъахь. Масех бутт баьлча, и завод Нохчийчохь йийр ю, аьлла сацам тIеэца дийзира ‘Роснефтан’ куьйгаллин. Цу къийсаман жамI Нохчийчоьнан куьйгаллин пайде дирзина хиллехь а, 2010-чу шарахь йола а йина, 2018-чу шарахь чекхъяккха еза завод тахана а йолоза лаьтташ ю. Дуьххьара далийнчу терахьашца, цу заводо шарахь чекхдаккха дезарг миллион тон нефтан барам бара. Проектан мах хIоттийна бара 78 миллиард сом герга.

Маситтаза Кадыров Рамзанс Кремлига арз дира завод хьалаяран хьокъехь шена тIеэцна декхарш ‘Роснефть’ компанис къочуш ца дина аьлла. 2015-чу шарахь гIуран-баттахь хаам баржийра Оьрсийчоьнан ‘Коммерсантъ’ газето, Путинс Нохчийчоьнан мехкадаьттан Iуналла дечу Роснефтан ‘Чеченнефтехимпром’ филиал республикан урхаллин дола яккха сацам къобал бина аьлла. Сацам бинехь а, цу чолхедийрзинчу хаттарх йист ялаза яра хIинццалц. Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Роснефто мах хадийна шен Нохчийчуьрчу ‘Грознефтегаз’ филиалан долахь болчу бахамана. Цу компанин хьесапашца, иза бу 12 миллиард герга сом. Хетарехь, цу мехах дIайохка дагахь ю ‘Роснефт’ 51 процент ‘Грознефтегазан’ шен долахь йолу активш Нохчийчуьрчу куьйгаллина. 'Грознефтегазан’ активш Нохчийчоьнна йохка Iалашо юй шу, аьлла шайга хаттар дича, цу хаттарна жоп даларан метта кехатца жоп лур ду шаьш, аьлла тIаьхьатеттира Роснефтан Пресс центро тхуна жоп далар.

Нохчийчоьнна мехаза дIалур ду мехкадаьтта бохург бакъдолчу дирзинчух терра дац. Мелхо а, федералан бюджетан ахчанах тешна йолчу Нохчийчоьнна тIера цIока яьккхина ца Iаш, неI даккха дагахь ю цхьана хенахь хьонка мехах карадеанчу цу мехалачу маьIданах Роснефт.

XS
SM
MD
LG