ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машенаш чехка хихкинарш "дIакхаьчна"


"Стритрейсинг" бохург хIун ду дуккхаъчу нохчашна ца хаа мега. Амма хаа царна, шеко а йоцуш, гIалин а, яртийн а урамашкахь цхьа а бакъо а ца ларйеш, чехка машенаш хехкар хIун ду. Цу чехка хоьхкучу машенаша нахе бахьаш болу баланаш а, бохамаш а.

Амма чехка машенаш хоьхкуш, шаьш уьш хаьхкинчехь бехк боцучу некъахошна тIе а тоьхна, уьш байъа я лазон йиш хилар бен а ца хеташ, цу машенах вайн заманахьлера кхераме герз а дина лелар цхьана нохчашларчу кхетам боцучу кегирхойн цамгар хилла ца Iа. Европехь а бу и хIума лелош болу кегий нах шортта.

Къаьстина, бусалба орамаш долчу, я аьр вай, туркойн, Iарбойн мехкашкара орамаш долчу, чехкачу говрах а, чехкачу машенах а, кхечу цхьанна а хIумнах ца дечу кепара дозалла дан Iеминчу културин гонашкарчу нахалахь. Германехь, масала, дуьненчохь тоьллачех автобанаш а, гIаланашна юккъера машенан некъаш а хиларна къаьстина дукха хуьлу цу махкахь кегирхоша вовшийн машенийн чехкалла къийсар.

Шех стритрейсинг олучу цу къийсамашкахь дакъалаца лерина кхечу мехкашкара кегирхой а оьху Германе, оццу Туркойчуьра а, Эмираташкара а, хьалха Югославин декъа хиллачу мехкашкара а, амма иштта генарчу Цхьаьнатоьхначу Штаташкара а, Китайра а.

Цу наха шайн чехка машенаш автобан тIехь бен ца хехкахь-м иштта даккхий зенаш а ца хила мегар цера ша-башхачу ловзарех, амма кегирхошна юккъехь даьржина ду и машенаш чехкаллина хехкар дийнахь делкъа хенахь а тIаьхьа яккхийчу гIалийн урамашкахь лелор, гондIа лелачу гIашнекъахошна а, кхечу машенашчуьрчу нахана а шайх кхерам а кхуллуш.

Масала, стритрейсинган цхьа кеп ю, вовшашна бевзаш а боцучу наха спонтане еш ерг. Аьр вай, цхьана сонтачу машенахь светофорехь сецна лаьтташ цхьа жимстаг хуьлу.

Цунна уллохь соцу цхьана кхечу сонтачу машенахь цхьа кхин жимстаг. Цу шинна цхьаьна мIаьргонна вовшашка бIаьрг кхетар тоьу, аьлла дош а доцуш, машенаш дIа а лелхийтина, спонтане гIалин юккъехь вовшашца чехкалла къовсуш машенаш хахка. Ишттачу хахкаршкахь амма шаьш хьанна а машен тIетоха йиш хилар тергал ца до цара. Ткъа цу иллегалечу къийсамийн закъалташ дела денна аьлча санна алсамдуьйлуш ду немцойн урамашкахь.

Дуккхаъчу нахана хетарехь, закъалташ алсамбийлар а, кегирхоша меттигера низамаш а, я шаьш лазон а байъа а тарлучу некъахойн дахар а тергал ца даран бахьана немцойн кхелашкахь цу кепарчу хехкаршкахь машен тIетоьхна шен карахь стаг вийнарг хIинцалца схьа „ларамаза стаг вер“ я „вен Iалашо а йоцуш шен карах стаг валар“ бохучу артиклашца цхьаъ я шиъ шо а тухий, ткъа цунах а ах арахь яккха а тухий, буьтуш хиларца доьзна дара.

Иштта, масала, яханчу бIаьста Коьлнехь кхел йира сонталлина чехка машенаш хахка а вахана, вилспетехь йоьдуш йолу 19 шо долу йоI йийначу шина туркойн къомахчу жимчу стагана. Царех цхьанна арахь яккха 2 шой 2 бутт хан туьйхира, вукхунна иштта арахь яккха цхьа шой, ах шой.

Шаьшшиъ а иштта атта кIелхьарвер ву аьлла тешна хиллачух тера дара оршот дийнахь Берлинехь кхелана хьалха хIоьттина хилла волу къона ши турко – 28 шо долу Хьамдий, 25 шо долу Марвиний. Цу шиммо даханчу шарахь Берлинан уггаре а дукха адам дIасалелачу Курфюрстендамм урамехь чехкалла къовса а вахана, шен машенахь дIавоьдуш волчу 69 шо долчу воккхачу стагана тIе а тоьхна, иза вийнера.

Цу шиннех цхьаннан машен дукхачехка йоьдуш хилла машен тIекхеттачул тIаьхьа кхин саца ца луш 100 метар герга дIатакхийнера цара воккха стаг чохь волу джип.

ХIинца кхело цу шина жимчу стагана велла дIаваллалца набахтехь яккха хан тоьхна, дуьххьара немцойн кхелан исторехь цу кепарчу зуламана иштта лакхара таIзар а тухуш. Шайн сацамна бух балош, кхелахоша элира, и ши кIант цхьа а вен Iалашо йолуш ца хиллехь а, амма и шиъ ца хууш вацара, шаьшшимо лелочунах муьлхачу а мIаьргонехь адамаш дала йиш юйла. Ткъа цу шиннан машенех прокуратурин векало кхелехь „нах бойъуш долу герз“ элира.

Изза аьлла хеташ ю Берлинехь ехаш йолу Астемирова Луиза а. Ца хууш вийна бохург нийса дац боху цо, хIунда аьлча гIалин юккъехь шаьш иштта чехка машен хохкучу хенахь царна шал шера хаара, иза мел кхераме ду.

Астемирова Луиза: „ЧIогIа нийса ду. Зулам ду цара лелошдерг. Чехка шаьш и машен хаьхкича, цунах хиндерг ца хууш ма бац уьш. Ца хууш карах вийна бохург бакъ дац. Тротуар тIехула дIавоьдуш ца хууш белш кхетта карах велла ма ваций иза церан, хьерваьлча санна 100-200 чакхарма сохьтехь чехкалла тIе а таIийна, тIетоьхна вийна ву. Нийса тоьхна хан ю“.

Хьалхех дуьйна и тайпа зуламаш лелош болчарна иштта лакхара хенаш тухуш хиллехь сел дукха нах церан карах лийр бацара аьлла хета Германехь ехачу Гацаева Сацитина а. Иза ехачу Коьлн гIалахь даханчу шарахь масийта стаг велла цу сонтачу нехан карах. Цундела цунна нийса хета эххар а Iедало цу нахана шен чIагIалла гайтар.

Гацаева Сацита: „Вуно нийса тIеэцна сацам бу. Лерина и стаг вен лууш цара ца вийнехь а, шаьш иштта чехка машен хаьхкича царна хаа дезара цуьнан хIун тIаьхьло хир ю. Шен новкъа дIавоьдуш волу стаг вийна цара.

Цуьнан хIун бехк бу? Цунна хIун бен ду цара ша лерина вийча а, хьерабевлла машен хаьхкина, ца хууш вийнехь а. Цунна валар хилла, цуьнан доьзална шайн да вер хилла. Иштта лакхара хенаш тухуш елахь кхечара а ойла йийр яра, шаьш иштта хIума дале хьалха“.

Ала догIу, кхелехь шаьшшиммо динчух хIумма а дохко валар гойтуш и ши жимстаг ца хилар. Царех цхьаъ шена тоьхна йолу хан схьакхайкхича Iадийча санна латта висира.

Ткъа важа, Хьамди цIе йолу кIант, маьттаза мотт а буьйцуш, кхелахошна лен а, кхерамаш тийса а волавелира. Шаьш вийначу стеган доьзале, иштта цу кхелехь хиллачу, цу шиннах цхьаммо а ша дохковаьлла я шена къинтIера довла ца элира.

XS
SM
MD
LG