ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхел "оьрсашкахьа яларна" реза бац хIирий


Гукемухов Мурат

Къилбаседа ХIирийчохь дирзина дерриг къомо тергалдина дов. Шина сержантна Албегов Селимна а, Сланов Арсенна а оьрсийн эпсаршна еттарна тIеман гарнизонан кхело набахтехь яха хенаш кхайкхор (3,5 а, 1,5 а шераш) Iаьткъинчара дов эккхийтира кхелахошца, цара сацам дIакхайкхошшехь. Чуьччабаханарш къасто кхелан хIусаме кхайкхира полици. Албеговс а, Слановс а тIе ца эцна бехк. ХIирий куьйгаш лахьош бу Оьрсийчоьнан президенте яздинчу орза кIел.

Кхел шинарийдийнахь чекхъяьлла. БуьрийтIерачу 4-чу тIеман базерчу эскархошна Албегов Селимна а, Сланов Арсенна а кхелахочо Калита Ивана бехкедина кхечу регионера тIевеъначу шина эпсарна, Зайнутдинов Антонна а, Патыка Богданна а еттар. 3,5 шарна набахте хьажочу Албеговгара дIаяккха сацам бина эпсаран цIе, дихкина тIейогIучу хенахь эскаршкахь гIуллакх дан а, Iедалан балха хIотта а.

Кхел йоьдучу цIенна гонах 300 гергга меттигера вахархо лаьттара. Шина сержантна хенаш кхайкхоро цецбехира и нах. Прокуроро "ехначул" а дукха ю кхело тоьхна хан. Ткъа нахана моьттура Оьрсийчуьра баьхкинарш бехке а беш доьрзур ду дерриг а.

Гулбеллачарна хетарехь, прокурор а, кхелахо а цхьаьна хилар гучудаьлла, прокуроро дов хоттуш кIеда позици "нехан само йижорхьама" лаьцна хилла.

Кхелан сацамо бахарехь хилларг иштта ду. Вехначу шина хIирийчо йиттина эпсаршна Зайнутдиновна а, Патыкина а. Ткъа нах карзахбаьхнарг ду оцу шинна тIехь гуш цхьа а сакхт дацар, амма Албеговн кагдина мерадукъ а, Сланов лазийна куьг а хилар. Цу тIе, тешаша кхеле дийцина, леттарш хIирийн ши сержант вацара, мелхо а эпсарш бара, аьлла. Масала, кхелахочо Калитас тидаме ца эцна эскархочо Катрич Андрейс иштта дина тоьшалла.

Сацамца реза вац сержантийн адвокат Тезиев Олег, иза дагахь ву латкъа:

"Тхо данне а реза дац сацамна. Зулам дина бертабахарца кхелахочо а, прокуроро а. со цецвуьйлу, муха мега оцу нахана шайгахь и даржаш кхаба. Сацамна латкъарал сов, оха доьхур ду прокурор а, кхелахо а балхара вохор. Цхьадика, мехкан куьйгалла кхета тхох, тхоьга юкъахь толам а баккхалур бу аьлла хета суна".

Тезиев Олега бакъдо, кхело сацам кхайкхинчул тIаьхьа бахархой Оьрсийчоьнан президенте а, Лакхарчу кхеле а арздан лерина хилар.

Кхелера дов резонанс йолуш хилар гойту кхин а цхьана хиламо. Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо Битаров Вячеслав кхел йирзича цхьаьнакхетта Слановн а, Албеговн а гергарчаьрца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG