ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох кхело арабовлийтина МЧС белхахошна еттарна бехке бина нохчий


Цетиев Хож-Ахьмада дийцира Маршо Радионе, уьш дIехецнехь а, царах хин дерг цкъачунна хуш дац бохуш.

Ражапов Хьамид а, вежарий ЦетиевгIар Сайд-Мохьмад а, Хьусайн а лецира 2014-чу шарахь Гезгмашин-баттахь. Талламхоша дийцарехь, цара, травматикан тапча а кхуьссуш, тIелатар динера Москох кIоштарчу Внуково олучу меттехь меттигерчу орцаллан министраллан белхахошна.

2015-чу шарахь Марсхьокху-баттахь кхело сацам бира Цетиев Сайд-Мохьмад цIахь лаьцна латто. Оцу хенахь дуьйна тахханалц кхело яхйора Ражапов Хьамид а, Цетиев Хьусайн а лаьцна латтон хан, таллам дIахьош бу бохуш. Нохчийн адвокаташа латкъамаш бора и нах цхьана хIуманна бехке бац бохуш.

Мангал-беттан 27-чу дийнахь Москох гIалин Щербинка кIоштан кхело сацам бира бехктакхаман гIуллакх Москох малхбузен административан гонан прокуратуре юхадерзо, иза толлуш кхачам бацарш хилла аьлла.

Вежарийн ЦетиевгIеран дас Цетиев Хож-Ахьмада дийцира Маршо Радионе, уьш арабовлийтинехь а, царах хин дерг цкъачунна хуш дац бохуш.

Цетиев: "Уьш кхоъ Москох ву. Цигахь я "прописка" а, я хIусам а йолуш а бац уьш. ДIавсабевр бац аьлла куьг таIийна цара. Кхин дIа цара хIун лелор ду хууш дац. Цигахь бу-кх уьш".

Орцаллан министраллан белхахошна хичаш йинарш муьлш бу дукхахенахь дуьйна хууш дара шена боху Цетиев Хож-Ахьмада.

Цетиев: "Суна хууш дара и дIадоладелларг хьаннатIехула доладелла. Закриев Алхазур боху кIанттий, важа Дутаев Шайх боху тапча кхийсинарггий ...Иза суна хууш дара. Талламо къастор ду-кх иза бохуш, бехке боцурш чубоьхкина Iийр ма бац уьш бохуш Iийра".

Цетиевс дийцарехь, кху шеран Зазадоккху-баттахь Iедалшна шайн лаамехь тIевахана хиллера Нохчийчура кхо вахархо Дутаев Шайх а, Азиев Алихан а, Арцихаев Мохьмад а. Цара даре динера шаьш цу девнехь дакъалаьцна хилар.

Цул сов, царах цхьаммо Дутаев Шайха дIаелла хилла талламхошка шен цIара тIехь йолу травматикан апча. И тапча кхиссина хилла цо конфликт хиллачу меттера дIабевдда боьлхучу орцаллан министраллан белхахошна тIаьхьа.

Стохка 2016-чу шарахь Дечкен-беттан 16-чу дийнахь Ражаповн а, вежарийн ЦетиевгIеран а адвокаташа латкъам бира Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Цетиев Хож-Ахьмада бинчу хаамца, Страсбургерчу кхело церан гIуллакх луьстур ду тIебогIучу, Товбеца-беттан, 6-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG