ТIекхочийла долу линкаш

Москох културан департаменто жоп лур ду нохчо хиларна журналист балхара дIаваьккхарна.

Москох "Внуково» олучу културан центран а, цу организацехь болх бинчу Гайсулаев ГIапуран а девнна юкъаозийна Москох културан департамент, хаам бо Кавказ.Реалии сайто.

Москох Солнцево кIоштан кхело листа болийна Нохчийчура журналистан Гайсулаев ГIапуран латкъам. Цо чагIдийриг ду, ша стохка Лахьан-баттахь харцонца балхара дIаваьккхина бохург.

«Внуково» олучу Москох културан центрехь суртдаккхархо болх беш хилла журналист.

Кхелан кхеташонехь културан центран векалийн аьтто ца баьлла Гайсулаев балхара дIаваккхаран билггла бахьана дийца. Цара шайн бехк бацара, шаьш кхочуш динарг Москох културан департаментан омра дара боху.

И бахьана долуш, кхело сацам бина дов луьстуш юкъаозо Москох гIалан културан департамент. Цубнан векалша бакъ дан я харц дан дезаш ду «Внуково» културан центран векалша дуьйцург.

Гайсулаев тешна ву Москох културан департаментан белхахошна хууш дара ша болх бинчу цу центрехь харцонаш лелош хилар бохучух.

РогIера кхелан кхеташо хир ю Охан-беттан 17-чу дийнахь.

Гайсулаевна хета ша «кхечу къомах хиларна» балхара дIаваьккхина аьлла. Цо чIагIдарехь, шен лаамехь иза балхара дIа ца ваьлча културан центран куьйгалхоша къадийна хилла цуьнга "Нохчийчохь болх лахар гIоле ду хьуна, хьо санна болчу нахана меттиг бац кхузахь» аьлла.

ТIаьхьо, Гайсулаевс дийцарехь, бакъо а йоцуш, Iедалан техника шегахь латторна бехке а вина, балхара дIаваьккхина иза.

«Кавказ.Реалии» сайто билгалдаккхарехь, Гайсулаевца Iоттаделларг дуьххьара хуьлуш дац Оьрсийчохь. Куьйгалхошкара харцонаш ловш бу цигахь дуккха а кавказхой, дуьйцу сайто.

Къилбаседа Кавказан Федералан гонан арахьа наггахь уьш балха ца оьцуш меттигаш нисло, «кавказхой ца оьшу" шайна олий, билгалдоккху Кавказ.Реалии сайто.

XS
SM
MD
LG