ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суьдхошна тIелатарна таIзар дина Несарарчу "Ангуштан" футболхошна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Несарарчу "Ангушт" клубан футболхошна таIзар дина, Прохладный гIалахь меттигерчу "Энергетик" клубаца ловзар дIадирзинчул тIаьхьа суьдхойн тобанна тIелатар дарна, хаам бо Кавказ.Реалиино ГIебартойн-Балкхаройчуьра футболан тоба, 2:1 жамI а долуш, толарца дIадирзира ловзар.

Хилларг иштта ду. Ловзаран 88-чу минотехь "Ангуштан" кевнашна чу "штрафной" кхайкхийна суьдхочо. Оцу тобан футболхочо Алиев Бек-хана оьзда доцу дешнаш аьлла суьдхочунна Смирнов Сергейна.

Суьдхочо цIен кехат гайтина Алиевна, иза ловзарна юкхарвоккхуш. Ша дIавоьдуш Алиевс шен куьйгах хьарчийначу кисанан цуьрг тIекхоьссина суьдхочун гIоьнчанна.

Финалан шок тохарца "Ангуштан" ловзархоша го бина суьдхошна, ткъа кIеззиг багатольхначул тIаьхьа царна етта буьлабелла футболхой. Иштта Балаев Мохьмада шозза бетах бу тоьхна арбитрна, Зязиков Руслана мийра а, буй а тоьхна цунна, ткъа Алиев Бек-хана суьдхочуьнан гIоьнча Наумов Виталий лаьтта охьатоьхна тIе мийраш биттина цунна.

Полисхой юкъагIортар бахьана долуш сацийна иккхина буй-тIара. Амма "Ангуштан" со ловзархочо Мархиев Сафарбека дов даьккхина "Энергетикан" футболхошца. Цул тIаьхьа Прохладнерчу футболхошна гIо дан тIебевдда фанаташ, дов марса а доккхуш.

Хилларг бахьана долуш ЮФО-н (Къилбан федералан гонан) а, СКФО-н (Къилбседа Каваказан федералан гонан) а футболан федерацийн бертан талламан-дисциплинан комитета сацам бина Алиев Бекханна шина шаранна дисквалификаци ян, Балаев Мохьмадна а, Зязиков Русланна а изза таIзар дан цхьана шаранна. Мархиев Сафарбекана а, ткъа иштта латарехь дакъалаьцначу "Энергетикан" ловзархошна Аслануко Аланна а, Орсаев Артемна а дисквалификаци йина 6 ловзарна. Цул сов Прохладный гIаларчу стадионна билламан шина ловзарна дисквалификаци йина, ткъа "Энергетик" футболан клубанна гIуда тоьхна 10 эзар сом барамехь, хьовсархойн латарехь дакалацарна.

ЮФО-н а, СКФО-н а футболан федерацийн барто бинчу хаамца, суьдхошна ала хIумма а дац, цара беш болу сацамаш озабезам боцуш а, нийса а бина хилла, эшначул тIаьхьа "Ангуштан" цхьа а шанс ца йисна шолгIачу девизионе хьалаяла, ткъа и бахьана хилла цуьнан ловзархой оцу кепара леларан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG