ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Свердловскан мехкан губернаторна Кадыров дуьхьал ваккха гIерта пропагандист Соловьев


Кадыов Рамзан
Кадыов Рамзан

Оьрсийн телехьожийлан белхало, пропагандист Соловьев Владимира шен программан эфирехь Свердловскан мехкан губернаторна Куйвашев Евгенийна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане "хьекъал далийтар" хьехна. Хелхаран къийсамашкахь дешархоша тверках а, чирлидингах а тардина хелхар дина йолу лицейн директорна тIехьоьттинера Куйвашев.

Регионан дешаран а, кегийрхойн политикан а министра Биктуганов Юрийс директор шен даражах мукъаваккхар хьехча, губернаторс иза дан ца оьшу элира - дешархойн хелхар цо "ца йогIу забар" ю аьлла тIе а тухуш.

"Дешархойн дайшна а, наношна а цхьа а кхераме хIума ца гина цара диначун хьокъехь. Со царах дукхазза атта теша, рогIера тхан гIалахь цхьаъ ца тайначу телехьожийлан белхалочух Соловьевхчул а", - билгалдаьккхина Куйвашевс.

Соловьевна ца тайна Куйвашевс цкъа мукъане Украинана дуьхьала бечу тIамах лаьцна шена хетарг ца аларна, амма дешархошна тIехIотта хан цунна карорна. Иза волча Кадыров хьажор хьехна цо.

"Хьо латтахь а, охьавожахь а. Баккъала а, Рамзан Ахматович хьажон везий те цига, Куйвашевна хьекъал хьеха?" – хаттар дина журналиста.

"Танцевальная галактика" хелхаран школера къовсамехь дина дешархоша критикана кIел нисделла и хелхар. Стигалкъекъа-беттан 12-хь хилла иза, Дуьненаюкъарчу хелхаран денна лерина. Видеоно шуьйра юкъараллин резонанс гIаттийча лицейхь чоьхьара таллам болийра. Екатеринбурган мэрехь билгалдаьккхира, хелхаро ламасте йоцу мехаллашна пропаганда еш ца хилар. Хелхадийла Iамийна доцчу бераша ца йогIучу кепехь вовшахтоьхнера хелхаран тайп-тайпана хатIаш а, агIонаш а, аьлла цара.

  • 2019-чу шарахь пачхьалкхан "Грозный" телехьожийлехь кхиазхой бехказа бийлийтира социалан машанашкахь комментариш язъярна.
  • 2020-чу шарахь юкъараллин жигархоша шозза гуш-хезаш бехк ца биллар дехийтира Буьри-ГIалин яхархочуьнга ша студентан Де даздечу юкъанна динчу хелхарна.
  • Нохчийчоьнан вице-премьера Умаров Джамбулата дIахьедира, "бехказа бийлийтаран тIехдика практика" ерриг Оьрсийчоьнехула яржон еза, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG