ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Свобода Радиоца болх беш хилла кхо журналист "арахьарчу агентийн" могIаре яьккхина


Оьрсийчоьнан юстицин министралло "Зорбанаш-арахьара агенташ" реестре язйина, Свобода Радиоца а, Север.Реалии порталца а белхаш беш хилла журналисташ Вольтская Татьяна а, Клепиковская Екатерина а, Соловьева Елена а. Иштта церан могIаре яьккхина талламан Bellingcat проект а.

Реестре баьхна "Дождь" ("арахьара агент" лерина)телеканалан журналист Сотников Даниил а, оьрсийн Би-би-син корреспондент Захаров Андрей а, "Настоящее время" телеканалан журналисташ Сурначева Елизавета а, Перл Роман а, журналисташ Симонов Евгений а, ишта "Хаамийн гIирсийн бакъонаш Iалашъечу Центран" ("арахьара агент" лерина) куьйгалхо, юрист Арапова Галина а.

Радио Маьрша Европа/Маршо Радио (Радио Свободная Европа/Радио Свобода) медиакорпорацин президента Флай Джеймис дIахьедар дина Оьрсийчоьнан юстицин министраллан сацамна тIехула: "Свобода Радиоца болх бечу Оьрсийчоьнан пхеа вахархочун хьокъехь таханалера Кремлан сацам - Оьрсийчохь йозуш йоцу медиаш кхин а цкьа, рогIера дIалакъон гIортар ду. Оха кхин дIа а къийсам латтор бу, Оьрсийчуьрчу бахархошна оьшуш йолчу информацина тIехь контрол латторхьама юкъадаьккхинчу абсурде долчу "арахьарчу агентех низамна" дуьхьал. Оьрсийчуьрчу тхайн аудиторин хьашташна муьтIахь долчуьра галдевр дац тхо".

Оьрсийчохь оьшуш йоцу организаци леринчу, "Проектан" агIонашкахь яздеш бара журналисташ Сурначева а, Сотников а, Захаров а. Цуьнан хилла коьрта редактор Баданин Роман а ву "Зорбанаш-арахьара агенташ" реестрна юкъавахийтина.

Би-би-си аьттехьа а реза яц оьрсийн Iедалхоша Захаров Андрей "арахьарчу агентийн" статусе ваккхарна. "Би-би-син репутаци дуьненчохь шуьйра евзаш ю, йозуш йоцу а, тешам болу а информацин хьаста хиларе терра. Оьрсийн аудиторина информаци ма-ярра дIакхачош, коьрта хьаста хилла лаьттина 80 шарахь Оьрсийн BBC News ресурс", - аьлла ду цара динчу дIахьедарехь яздина.

Карарчу хенахь "Зорбанаш- "арахьара агенташ" реестре язйина ву 85 стаг а, организаци а, 2021-ра шо доладелчхьана шорделла церан тептар 68 пунктна.

Йозуш йоцчу оьрсийн 20 сов хаамийн гIирсийн коьртачу редакторша тIедожийра "арахьрачу агентийн" тептар дIадаккхар, иштта "арахьарчу агентех" юкъадаьккхина низам кIаддар а. Диллина кехат дахьийтинера цара шайн тIедахкаршца Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, цуьнан пресс-секретаре Песков Дмитрийга, юстицин министре Чуйченко Константине а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG