Иттаннаш эзарнаш байинарш а, лазийнарш а, мухӀажирш а, Оьрсийчоьнах йозуш йоцу Нохчийн Республика Ичкери а – уьш ду 30 шо хьалха, 1994-чу шеран Дечкен-беттан 11-чу дийнахь, республикехь болабеллачу хьалхарчу тӀеман жамӀаш. Тхан редакцино гулйина оцу шерашкара суьртийн галерей.
Маьрша Ичкери а, хьалхара тIом а: суьртийн галерей

1
Оьрсийчоьнах дIакъаьстина кхо шо кхачарна леринчу парадехь Нохчийн Ичкерия республикин президент Дудаев Джохар а, инарла Шахабов Висхан а салют луш ву, 1994-чу шеран гезгамашин-беттан 6-гIа
Нохчийн проблема йерзон хIун кепаш листира Кремлехь? "Хроника Кавказа" подкастан авторо Вачагаев Майрбека дийцаредира Оьрсийчоьнан хиллачу политикца Савостьянов Евгенийца
Нохчийн проблема йерзон хIун кепаш листира Кремлехь? "Хроника Кавказа" подкастан авторо Вачагаев Майрбека дийцаредира Оьрсийчоьнан хиллачу политикца Савостьянов Евгенийца

2
Соьлжа-ГIалара президентан шахьара чу воьддучохь берзаца суьрташ дохуш бу нохчийн гIаттамхой, 1994-чу шеран гIуран-беттан 18-гIа. Нохчийн къомана борз – маршонан а, суверенитетан а билгало йу

3
Оьрсийчоьнан танкийн а, бронетранспортерийн а ковра йу Нохчийчуьра Девкар-Эвлана 40 чакхарма дехьа лаьтташ, 1994-чу шеран гIуран-беттан 11-гIа

4
Нохчийн лаамхой гулбелла Соьлжа-ГӀалин коьртачу майданахь 1994-чу шеран гIуран-беттан 17-чу дийнахь. Оьрсийчоьнан эскарш тӀегӀерташ хиларна республикан коьрта шахьар ларъйан кечам беш бу уьш. Цул тӀаьхьа цхьа-ши кӀира даьлча федералаша Соьлжа-ГӀалана штурм йолийра. Иза уггаре а кхетам боцу хилам хилла дӀахӀоьттира, дукха эшамаш хиларе хьаьжча.
Соьлжа-ГӀала йерриг аьлча санна хӀаллакйира йеттачу ракеташца а, бомбанашца а. Пхеа кӀиранах хиллачу тӀемашкахь, кеп-кепарчу зерашца, вийна 27 эзар гергга маьрша вахархо. Тхан редакцино Хьажа кхин дIа а