ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн мукъаденош дацдина швейцархоша референдумехула


Швейцари -- Базель-гIалин коьрта майда, (Маршо Радио/Азимова Сийлаха), 21Мар11
Швейцари -- Базель-гIалин коьрта майда, (Маршо Радио/Азимова Сийлаха), 21Мар11

Кху деношкахь рогIера референдум дIаяьхьира Швейцарехь. Муьлха а пачхьалкхан дахарна мехала долу хаттар, доллучу халкъе а хоттуш, талла Iеминчу Швейцарехь, хIинца тидаме дилинарг дара, махкахошна шарахь шина кIиран метта ялх кIиранах садаIа лаьий бохург.


Схьахетарехь, дуьнентIехь уггаре а дукха шайн махкахойх дагайолуш йолу пачхьалкх Швейцари ю. И ойла кхоллало, цигахь кест-кеста дIакхоьхьучу референдумийн терго йича. Муьлха а къомана мехала хеташ долу хаттар цу къоме, референдумехула хатта а хоттий, тIе оьцу Альпашкарчу жимачу махкахь.

Йоккхалла схьаэцча, Нохчийчоьнал шоззачул жимма сов йоккха бен йоцучу Швейцарехь биъ официалан мотт бу, ткъа мохк ша ткъе ялх цхьаттера бакъонаш йолчу кIоштанашна, я, Швейцарехь царех ма-аллара, кантонашна бекъна бу. Цу кIошташкахь бехачу нехан шайна мехала хеташ долу муьлха а хаттар референдуме дилла йиш ю, нагахь санна цаьрга бIе эзар куьйгайоза гулдалахь.

Кху деношкахь дIаяьхьначу референдумехь, масала, хеттаме диллинчарех цхьаъ дара, меттигерчу бахархошна шайна хIора шарахь низамца догIуш долу деа кIиранах балхах садоIар ялх кIиране кхаччалц дахдан лаьа я ца лаьа, бохург.

Цу хьокъехь дIаяьхьанчу референдуман жамI Оьрсийчоьнан белхан меттигашкара гIиллакхаш девзаш берш цецбохуш ду. Дукхахболчу швейцархоша шайн садоIар кхин а шина кIиранна дахдарна дуьхьал кхаьжнаш тесна.

Ма тамаша бара и саннарг Оьрсийчохь хила, аьлла, ойла кхоллало и жамI девзича. ХIунда аьлча, хууш ма-хиллара, Оьрсийчохь, мел кIезиг а, шарахь шозза, Дечкен баттахьий, стигалкъекъа баттаххьий, дезденой кIиранашкахь а дахделла ца Iаш, уьш дIадирзинчул тIаьхьа а цхьа а пачхьалкхан институци лартIехь болх бан дIа ца йолалуш дукха хан йолу.

Цу муьрехь эрна ду, масала, цхьа кехат эшна я муьлха а цхьа документ даккха Iедалан инстутицешка вахар - берраш а белхалой я даздаршкахь хуьлу, я даздаран къаьхьачу тIаьхьалонех метта бахканза хуьлу.

Кхин хьал ду Европехь. Керла шо тIедеъча, Дечкен беттан хьалхара де мукъа хуьлу. Кхин дIа мел долчу деношкахь, даима санначу режехь, болх бо. Ткъа хIинца Швейцарехь бахархоша шаьш шайна садоIар дахдарна дуьхьал кхаж тасаро дика масал ло, маьршачу пачхьалкхашкахь кхиинчу юкъаралло сацамаш тIе муха оьцу бохучун.
XS
SM
MD
LG