ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а цхьана жихIадхочунна хан тоьхна Австрехь


Австрехь хIинцалц схьа а кIеззиг хилла яц ша шех Исламан пачхьалкх олучу ДАIИШ тобан могIаршлахь, я кхечу Шемахь тIемаш бечу тобанийн декъахь а хилла, цу махка юхабирзинчу шайх юкъараллехь джихIадхой олучу нахана тIехь кхелаш. РогIраниг йирзина хIинца.

Уггаре а алсамох цу юхабирзинчарна юккъехь нохчийн
къомах кегий нах хуьлу. Иза тамашийна а дац. Австрера Шемарчу тIаме
баханчу кхо бIе герга нахах ах нохчи бу,15 шарера 60 шаре кхаччалца
хенаш йолу нах бу царна юккъехь.

Амма нагахь санна Шема шаьш кхачале а, цул тIаьхьа Шемара схьа шаьш Европехь бисинчу шайн бовза-безачаьрга шаьш дечу къамелашкахь а, вуьшта джихадхойн пропагандин видеошна тIехь а мел майра а, мел сонта а къамелаш деш хилахь а, амма царех цхьана бахьнийца Европе юхабирзинарш вуно эсала бовлий хуьлу, машаре цхьаьнадахар доцург кхин мехалла ца лоручу идеологин агIончаш шаьш долчуха.

Цхьаъ вукхунна тIехь хIора баттахь аьлча санна Австрехь Шемарчу тIамехь дакъа а лаьцна юхабирзинчу кегийчу нахана тIехь ечу кхелаша гойту иза.


Гайтира иза иштта хIинца рогIерчу Шемахь тIом бина Австре юхавирзинчу нохчийн къомахчу джихадхочунна тIехь Форалберг лаьттарчу Фелдкирх гIалин кхелахь дIаяьхьанчу процессо а. Цигахь жоьпалле озийна вара 25 шо долу кIант, 2013-чу шарахь Шема тIаме вахана хилла волу.

Прокуратурано цунна бехке дуьллуш дара, и кIант тIаккха Шемахь доккхачу декъахь нохчех а, кхечу цхьана хенахь Советан пачхьалкхе юккъе догIуш хиллачу къаьмнийн векалех а лаьтташ йолчу Джунуд аш Шам, аьлча а Шеман бIаьхой цIе йолчу тобанех дIа а кхетта, цигахь цкъа хьалха цхьана баттахь тренинг ечу лагерехь тIеман говзалла а Iамийна, цул тIаьхьа тIемашкахь дакъалаьцна хилар. Шена чов йинчул тIаьхьа 2014-чу шеран зазадоккху баттахь Австре юхавирзинера иза.


Ша кхеле озийначо чIагIдора, ша Шемарчу Маьршачу Эскаран декъашца вара, террорхошца вацара, бохуш. Ма-дарра аьлча, ша хьенан куьйга кIелахь хьаьнца тIемаш бина бохург, цо ша дийцарехь, цунна башха хууш а ца хилча санна ойла кхоллалора цуьнга ладоьгIуш.

Шемахь долу хьал вуно кегаделла ду, йоккха хаос ю цигахь, цундела кхин башха кхета аьтто а ца хуьлу тIемалойн шайн буьйранчаш муьлш бу я шайн тоба муьлхачу тобан куьйгакIелахь ю а. Шена коьртадерг Асадан режиман дуьхьал тIом бар дара, и диктатор вожош дакъалацар а, бохуш дийцира цо пхеа сохьтехь герга яхйеллачу процессехь. Цул совнаха, ша Шемара юхавирзинчу муьрехь полисхоша шега хаттам бечу хенахь ша аьлла долчех цхьаццадолу хIуманаш бакъдацара аьлла мукIарло дира цо.

Масала, ша масатоп а карахь тIом беш вара, бомбин даьндаргнаш а кхетта чов йинера шена бохуш ша хIетахь дийцинарг сонталлина дийцинера ша, дозалла деш, шен мах лакхабаккха гIерташ, элира цо.
Бакъду, кхелахочо Тагверхер Сабринас и кIант Шеман Маьршачу Эскарехь а воцуш, мелхо цу эскарернаш демократи езаш болу муртадаш лоруш йолчу Джунуд аш Шам тобанехь хилар тIечIагIдеш долу тоьшаллаш гайтира цунна а, кхел тергалйешболчарна а.

Сурташ, масала, я видеогайтамаш. Цул совнаха, Германехь даханчу шарахь набахте воьллинчу цхьана Шемара цIавирзинчу Джунуд аш Шам тобанерчу джихадхочо дийцинера Iедалхошка, и кIант шайца а
вара, цигахь Джундулла аьлла цIе а яра цуьнан бохуш.

Цунна дуьхьал жимчу стаго мукIарло дира, ша цу тобанца а зIенехь хиларна, хIунда аьлча, цо ша ма-аллара, цигахь болчу нохчашца цунна атта дара, кхечу тобанашкахь буьйцуш берг Iарбийн мотт бен ца хиларна. Иштта цо чIагIдора, динан я идеологин бахьанашца ша Шема вахана вацара бохуш, шена коьртаниг – Асадан къизаллашна дуьхьало яр дар бохуш а.


Кхеташ дара, кхелана цо дуьйцург бакъдац аьлла хетийла я цуьнан
тоьшаллаш кхелахошна чекх сагуш лорийла а. Бакъду, цо Шемахь шен куьйга къизаллаш лелорна тоьшаллаш кхелехь ца хиларна иза бехке веш дерг деккъа кхечу махкахь террорхойн тобанехь дакъалацар дисира.

Цул совнаха, кхело тидаме ийцира цу кIанта 20I5 -чу шарахь Австрера Шема ваха гIоьртина волу ши жимстаг цига ца вохуьйтуш сацийна хилар, цигахь дерг бакъдолчехь шуна моьттург дац шуна аьлла цаьрца кхеторан болх а бина. 2015-чушарахь корта бахош долу наркотикаш лелорна цхьа шо ах шой хан тоьхна хиллачу цу джихадхочунна кхело хIинца кхин а 2 шой ах шой хан туьйхира.


Цу юкъана ДаIишан гIуллакхаш ледара хиларна мукIарло дина цу тобан
куьйгалхочо ша шех халип олучу БагIдади Абубакара шен рогIерчу
аудикхайкхамехь. Шен Iодикаяран кхайкхам санна билгалдаьккхинчу
къамелехь БагIдади къера хилира тIаьхьарчу беттанашкахь ДаIишан цхьамогIа эшамаш хилла хилар.

Цо шен агIончашка дехар дира, лаьмнашка юха бовларе а, Iожалхой санна лелхаре а. Лелха боьлхучарна мелла а синхьаам бархьама БагIдадис билгалдаьккхира шен къамелехь цаьрга елсманехь
хьоьжуш исбаьхьа хIурлаI-мехкарий хилар.


XS
SM
MD
LG