ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ШайтIанаш" лоьху зама ерзанза лаьтта


Линкана тIе

Тайп-тайпанчу ярташкахь,Iедална ца хоуьйтуш, къайлах,къулахь тезеташ хIиттаяр доцург,эгнарш мел бу а ца хууш,нохчийн кегийрхошлахь баларш а нисделла цигахь дуккха а. И генара, хийра тIом бахьнехь кху тIаьхьарчу хенахь хаддаза лоьцуш бу махкахь кегийрхой,тIеIаткъам беш бу церан гергарчарна а.

Жоьпе ийзочу божаршна юкъахь нисло ур-аттал мехкарий а. Прокуратуран хьостано гIардаккхарца хIинцца кху беттан 17-чу дийнахь бехк-токхаман гIуллакх долийна ТIехьа Мартанан кIоштан яхархочунна Мазаевна дуьхьал. Низамхошна гучудаьлла и йоI стохка дуьйна а ДаIиш олучу,Оьрсийчохь нажжаз ечу, талорхойн тобанах дIакхетта хилар.

Низам лардечу урхаллин хьостано чIагIдарца, йоьIан цIераниш хьулам бан гIиртинехь а,совнаха а дIадехьначу зераша гучудаьккхина иза билггал бакъдолуш Щемарчу тIамехь хилар.

Цхьаболчу тергамхошна моттарехь вайнехан зудабераш тIаме хIитта оьхуш бац Юххерчу Малхбале,маре баха нускалийн даржеххьий я зударий санна,шайн цIийндашна тIаьхьа дIаоьхуш бу. Бакъду и агIо таIзаран дечу урхаллаша чоьте оьцучух тера дац.

Юкъараллехь гIара а долуш, шайн майранашна тIаьхьабахна бен бацара боххушехь, таIзарш дина Нохчийчохь Батаева Айзанна а,Дудуркаевна а. Мехкарий жоьпе ийзина масалш кIезиг дац. Ткъа цу Iаьрбийн пачхьалкхерчу тIамца доьзна нохчийн кIентий кхела хьалха хIитор цхьа могIарера гIуллакх а хилла дIахIоьттина кху тIаьхьарчу хенахь.

Хиламаш тидам-тергонехь латточу бахархоша муха туьду,кхетабо Шемара тIом аьлла ахкаме ваьлча зеделларг ду,могIарерчу наха и тIом вайнехан кегийрхошна боьгIна а,боьзна а цхьа гур-маша санна тIеэцар. Масала ишта къамел нисделла сан схьавалар Шелан кIоштера а долуш,тахана Соьлжа-гIалахь вехачу тергамхочуьнца Бисланца.

Цо дIаволалушшехь билгалдаьккхира иза вайнехан тIом цахилар а, цуьнан юьххьехь,иза дIаболабеллачу муьрехь ,цхьана къайлахчу ницкъаша гIо а деш, цхьап тамашена,туьйранахь санна сиха къона нах цига кховчуш хилар а.

Бислан: «Иза нохчашна хийра тIом бу. Рицкъ къуьйсуш тIом бу. Цига ваха, цига дIакхача дукха ахча деза. Виза еза,паспорт деза.И даккха араваьллачунна дика хаьа-кх. И паспорт даккха а деза 2-3 бутт хан. Со а,кхиберш а тхо инзаре цец а дуьйлуш Iаламат сиха кхевчча цу пачхьалкхе дукха нохчий кIентий.

Нисса кIира далале кийча хилор-кх церан кехаташ. Москвара дIабуьгуш бар-кх уьш. Хьо ваха хьажал,тIаккха хуур ду хьуна и мел атта дац! Оццул чехка цига кховчийла а ма дац цхьамма гIо ца дича. Тхан орамера кIант кхечира цига ишта,цигахь Iожалла а карийра цунна.

Суна хетарехь къайллах цхьа гезгано бузу маша санна,боьгIна гур хета-кх. Цкъа нохчий кIентий дIакхийли цига хIинца хенаш етташ ,набахте хьежош бу. Кхузара а ,Кавказера а хьал тешаме а дац,кхузахь хIуъу а хила тарло боху сурт гайта гIертий те аьлла хета сунна-м. Ерриг Къилбаседа КАвказехь а мА ду ишта Iаткъаме сурт».

Шемарчу тIамах дийцина тергамхо Бислан,цо ша тидаме ма-эццара, тешна ву, Оьрсийчуьра хьал бакълена а нийсонан а,бакъонан хорша а дирзина, цу дешан шуьйрачу,цIеначу маьIнехь демократин новкъа даллалц Кавказера ирделла,чолхе хьал,куьйга я кога техко аса санна,хийцам боцуш ладегIаме лаьттар ду аьлла, лоцург лаца а лоцуш,таIзарш деш,набахте хьежочийн къоьлла а йоцуш.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG