Шемара Iедалша дIахьедар дина, "Исламан пачхьалкх" олучу тобанера тIемалой Палмирина масийтта километр улле тIебаьхкина аьлла. Палмира евзаш ю шира антик олучу хенара архитектурин мемориалаш хиларца. "Исламан пачхьалкх" тобан декъашхой карарчу хенахь йохош схьабогIуш бу цу тайпа културан мемориалаш. Шаьш деш долу зуламаш видео тIе доху цара. ЮНЕСКО вовшахтохаралло билгалъяхначу дуьненан тIаьхьенийн объекташна юкъайогIуш ю ширчу заманахь уггаре а мехала центр хилла йолу Палмира. Цунна Iаткъам бина ширчу Грецино а, Римо а, Персино а.
Палмирин тIаьххьара денош

1
Цхьа шо хьалха а дукха тийна гIала яра Палмира. ХIара сурт 2014-чу шарахь Зазадоккху-баттахь даьккхина ду.

2
Вайн хенан шолгIачу бIешарахь йина ю хIара Риман театр. Тахханалц Палмирин Фестивалаш дIахьора кхузахь.

3
Йиш локхуш ю Нажуа Карам, Палмирера Фестивал, 2010 шо.

4
Палмирех хьал долу гIала хилла вайн хенан хьахарчу бIешарахь, Риман империна караяханчул тIаьхьа.