Лахьан-беттан 24-25-чу деношкахь Москох а, адыгийн къаьмнаш дехачу Кавказерчу гIаланашкахь а Шемара чергазий дай баьхначу мехкашка баха тIеэцар Iедале доьхуш протестан акцеш, цхьалха пикеташ, хIиттийра Оьрсийчуьрчу жигархоша. Нальчикехь пикеташка бевлла кегийрхой дIасалаьхкира полицино.
Шемарчу чергазех дог лозуш

1
Майкопехь а , Нальчикехь а пикеташкахь лаьттачара дехкаре до Iедал Шемарчу тIамо дахар кегаре динчу чергазашна орцахдала.

2
Шоьтан дийнахь Нальчикехь пикете араваьлла Теуважев Беслан лецира полицино. Массех сохьтехь левеш кхебира иза полицин декъехь.

3
Москох Президентан администрацин хIусамна гергахь а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан цIенна гергахь а, вовший хийца а хуьйцуш, дIаяьхьира Шемарчу чергазашна орцахбевллачу жигархоша шайн пикеташ.

4
Москохарчу полицин тергонехь бара пикеташка бевлларш.