ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Экстремисташ" даймахка юха ма бахкийта, аьлла, Патрушевс дина дIахьедар емалдо бакъоларъярхоша

Оьрсийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан секретарна Патрушев Николайна хетарехь, Малхбалехь тIемаш бечу Оьрсийчоьнан бахархойх мостагIий хилла, цундела уьш мегар дац цIехьа бита. Уьш, Патрушевс бахарехь, цкъа а хийцалур бац.

И къамел догIуш дац Оьрсийчоьнан низамашца, чIагIдо юристаша.

И нах Оьрсийчоьнан бахархой белахь, цаьргахь юхабахка мел оьшу кехаташ долуш ду, муха доьхку царна даймахка схьагIерта, цецвуьйлу "Кавказ.Реалиига", шен цIе ца яккхар а доьхуш, къамел дина адвокат.

"Кхин ду, Оьрсийчохь бехктакхам дуьхьалбаккха тарло оцу нахана. Амма, мел уьш лоьцур белахь а, цаьргахь юьсу цIабахка бакъо. Оьрсийчоьнан конституцино доьхку стаг лаамза мехкан цIартIера ваккхар. "Оьрсийчоьнан вахархочух" долчу низамо, конституцино лучу бакъонах муха бохур бу уьш, со ца кхета", - элира адвокато.

Ала дашна, и тайпа бахархой еккъа цхьана Къибаседа Кавказера бу 3 эзар гергга. Черкесскехь кхеташонехь президентан регионерчу векало Белавенцев Олега ма-аллара, "2018-чу шеран Чиллан-беттан 1-чу денна Шемарчу а, Иракъерчу а террористийн агIор тIемаш беш ву Къилбаседа Кавказера 2952 вахархо.

"Доза чIагIдархьама"

Кхарачой-Чергазийчоьнан шахьарахь Охан-беттан 11-чохь хIоттийначу кхеташонехь регионера халкъан кхерамзалла юьйцуш, хьахийра Патрушевс Малхбалерчу "экстремистийн миграци".

Къилбаседа Кавказерчу "низамхоша а, юкъаралло а совбаккха беза" терроризмца, экстремизмца латтош болу къийсам, хьал регионийн куьйгалхойн тидамехь хила а деза, аьлла Патрушевс, хаамбина ТАСС агенталло.

Иштта, хаийтина цо Оьрсийчоьно шен доза "экстремисташ, террористаш чубахка тарлучу меттигашкахь" чIагIдинийла а.

"Мигрантийн тобанаш тIегIертачу меттигашкахь алссам а еш, Къилбаседа Кавказехь, кхечу регионашкахь терроран жигаралла ца гIаттийтархьама, дуьхьало ян еза массо а кепара", - элира Кхерамзаллин Кхеташонан секретара.

"Россия 24" канална ша хьалхо еллачу интервьюхь Патрушевс бохура, Малхбалехь экстремистийн могIаршкахь тIемаш бечу Оьрсийчоьнан бахархошна, уьш мостагIий хиларе терра, дехка деза цIабахка.

"Вайна вуно чIогIа ца лаьа уьш Оьрсийчоьнан лаьтта тIе бовлийла, ма-дарра аьлча, мостагIий хилла царех. Нагахь санна цара шайн кхетам хуьйцур бу цхьанна моттахь, кхето гIорта а мегар ду, амма пайда кIезиг бер бу цунах", - элира Патрушевс.

"ДIабахана, шаьш ницкъхоша хьийзош, ца битича"

Дагестанерчу бакъоларъярхочунна Исаева Светланина хетарехь, массарех а цхьабосса мостагIий бар нийса дац, Шема бахначех цхьаберш дохко а бевлла, маьршачу дахаре юхабахка лууш а бу.

"Нийса дац и нах берраш а мостагIийн могIара бахар. Хьан бина уьш даймахкара дIабаха декхаре? Дерг ма-дарра дийца вай, Къилбаседа Кавказера ницкъхой шайна луъург деш хьийза, белхан эвсаралла гайтархьама, даржаш дахархьама. Кегийрхойн дакъа дин хьалха даьккхина а ца бахана, кIелхьара бовлуш бахана. Къона чкъор шеца эгIорна вайн пачхьалкх ша а ю гIеххьачул бехке, цундела дерриг а дан деза кегийнах цIабахкийта", - боху Исаевас.

ЦIабогIучаьрца къепе йохийнарш белахь, цара низамна хьалха дала деза жоп, амма доккха зен дина воцчунна ваха таро йита а еза , аьлла хета бакъоларъярхочунна.

Хьалха махкахь тIемалошца леллачарна адаптаци еш комисси яра, цо пайда а бохьура, ткъа хIинца цхьа а вац и тайпа гIуллакхаш луьстуш, боху Исаевас (биглгалдоккхуш, ала деза, ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а хIинца а ю болх беш адаптацин комиссеш).

"Ницкъхой сихбала ца беза вон цIе тIекхолла, ойла ян еза. Шемахь хилла а воцу стаг, Туркойчу вахар бахьана долуш, тIемалойн могIара язвина меттиг а хаьа суна. Бераш цIадалон баханчех "тIемалой" беш а гина. Бахана баьхкина гергарнаш, террористашна гIодеш лелла, бохуш, хьийзийра", - дагалоьцу бакъоларъярхочо.

XS
SM
MD
LG