ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЛартIахь верг гIур вуй Шема?.."


Лула-куларчу мехкашка, шайн лаамехь, тIеман билет олу бакъо-кехат даккхархьама гIулллакх дан эскаре а бахана, цигара юха кхуза а хьовсийна, бIеннаш вайнехан векалш бу карарчу хенахь Нохчийчохь а, ХIирийчохь а Росгварди олучу тIеман ницкъийн декъашхой. Цкъачунна официалан гIардоккхуш а доцуш, 450 эскархочух лаьтта керла батальон вовшахтухуш ю Юххерчу Малхбалерчу Шема пачхьалкхе хьажо.

Гергарчара чIагIдарца кху беттан 9-10 -чу деношкахь дIахьовсош бу кегийрхой цу махкахь къепе латто. ХIирийн махкара схьа а хьажийна Ханкалахь гIуллакх деш волу шен цхьаъ бен воцу кIант тIам тIе хьажор ву бохург юххе ца дуьтучех ю Новр кIоштера Умидат.

Умидат: "ХIирийн махкахь ву гIуллакх деш, хIинца Ханкалахь ву. ШолгIа шо а ду, эскарехь гIуллакх дина а ваьлла, балхахь волу. Ткъе итт эзар сов алапа ду. ДIо тIаме буьгучарна дуккха а лучух тера ду ахча, амма цкъачунна кхаьрга бохуш хIумма а дац, ХIирийн махкахь берш цига буьгуш бан а бац боху".

Махкахь болх-некъ боцурш эзарнашкахь багарбаллал дукха болу дела, дан хIума цахиларца дузу цхьаболчара шайн доьзалхой контракт олучу бартаца эскарехь хилар а, мичча а омра кхочушдеш дIабаха уьш декхарийла хилар а.

Росгвардин декъашхо волу шен кIант къепе латто Шема вахийтар кхин дIоггара бохаме хIума ца лоручех ву Соьлжа-гIалин кIоштера Солтабиев Анзор.

Анзор: "Вайниг ву 9-чу дийнахь новкъаволуш. Верриге 400 сов ву. Цхьана агIор рицкъ ца даьккхича долий? Цхьа гIала гоне лаца буьгуш бу боху, тIамехь хир бац боху баха-м. Алапаш дика хуьла-м боху. Шайн амал а балуш бераш дIанисделча дика-м дара…"

Кхерамечу меттигашка кхуьссучу кегийрхойн гергарчарлахь вуно дукха бу кхолладеллачу хьелашкахь хьаьжжина, дIабуьгуш болу кегийрхой буьйранчаша мичча цIерга а кхуьссур бу аьлла, хьажам берш. "Сайна и хьал чуьра дуьйна а девза дела, сайн вешин кIант со цу юкъара дIаваккха гIиртира, амма цара со къарра-м вира. Алапа а догIуш, хьайн цуьнга байта болх белахь цIахь витахь боху-кх соьга сан вашас".

И къамел динарг ву вистхуьлуш волу Соьлжа-гIалин кIоштера Гидигов Хьасан.

Хьасан: "Цхьа шо сов хан ю сан вешин кIант а цу гвардехь волу. Сан аьллар хилча и цига гIура-м вацара. Шаьш лартIахь белхьара цу юкъара дIа-м бевр бара. ДIаваккха чIогIа а гIиртира, амма цIерачара ла-м ца дугIу. Хаацдан амал дацарна лела хир бу-кх".

Тергамхоша а, бакъонашларьярхоша а даре а деш, кху тIаьхьарчу шерашкахь мел лилхинчу тIемашкахь ишта я вуьшта, бертахь -бертаза жигара дакъалоцуш бу вайнехан векалш. МогIарерчу наха дечу тоьшаллашца, дукхе дукха масалш ду, белларш белла а хилийтина, адамех тера тезетеш а хIиттош, сагIанаш а дохуш, къайлах-къулах бен дIа ца берзабайтина.

Цара чIагIдарца хийла ишта тийна-таьIна дIаберзийна Украинехь эгнарш а, Къилба ХIирийчохь Iожалла карийнарш а.

Схьадийцарехь, цу гIайгIанечу гона юкъара йолуш яц Шема пачхьалкх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG