ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан хьесапаш нийса цахилар тIечIагIдина кхелехь Мусаеван гIуллакхехула возуш воцчу эксперто


Мусаева Зарема

Полисхочунна тIелеттера аьлла бехкейинчу нохчийн оппозиционерийн ненан Мусаева Заремин гIуллакхехула возуш воцчу эксперто тIечIагIдина кхелехь талламо йинчу экспертизан жамIех шен шеконаш хилар. Бехкбилларехь дуьйцуш долу ницкъахочун юьхьтIера кховраш дахарх лаьцна нийса охьайаздина дац, могушаллина дайн зен дина аьлла, тIечIагIдойла йац, ткъа и сизаш стенгара девлла хууш дац аьлла дIахьедина Безбородый Алексейс.

Карладоккху, хьалхара экспертиза йинера нохчийн эксперто Мунгиев Арсена, иза балхара дIаваьлла стохка гIуран-баттахь – оцу дийнахь адвокаташа тIедожийра иза кхеле кхайкхар. Эххар а Мунгиев вистхилира кхелехь – адвоката Немов Александра "Кавказскйи узел" ресурсе дийцарехь, шен жамIаш тIе ца чIагIдира цо.

ГIуран-баттахь Мусаеван адвокаташка схьакхечира Краснодаран кIоштахь йинчу, кхеран дехарца йинчу экспертизан жамIаш -цара бакъ ца дира хьалхарчу экспертизан хьесапаш. "Iазапашна дуьхьал Командин" юристо Гусев Константина фейсбукехь ма-йаздарра, эксперто Безбородовс тIечIагIдина кхелехь, юьхьтIера таммагIаш могушаллина дина зен санна лорийла дац, ткъа сизаш маж йошучу уьрсо дича санна ду- беа пIелгаца цхьатерра бархI арс дуьтийла йац аьлла.

"Полисхочун могушалиина цхьана а кепара дина зен дац. Цундела 318-чу къепен шолгIачу артиклехь лорийла дац, ткъа хьалхарчу артиклца (могушаллина зен доцу ницкъбар) хуьлу. Шуна дагадагIахь, митингаш йирзинчул тIаьхьа полицин агIор ластийна стака а цхьаьна лору Iедалан белхахочунна тIелатар санна, амма цуьнан дахарна кхерам боцуш", - кхетийра Немов Александра Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

  • Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелетта хилла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг баккхаза яьлла иза". ТIахьо хьарамлонаш лелорна бехк биллира цунна. Дуьххьара Нохчийчу дIайигира иза оцу гIуллакхехула, амма теше санна хеттарш дан.
  • Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIеран доьзална телеграм-каналехь динчу йозанехь Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. ТIаьхьо юха кхерамаш карлабехира цо видео дIаязъеш. Кхерамаш тийса буьйлабелира иштта нохчийн лакхарчу даржашкара ницкъахой а. Чиллан-беттан 2-чохь Соьлжа-ГIалин юккъехь митинг дIаяьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал. Митингехь ЯнгулбаевгIеран доьзалан суьрташ дагийра, тIе мийраш биттира, этIийра, иштта дуьххьал дIа кхерамаш а тийсира.
  • Бакъоларяъарн "Поддержка политзеков. Мемориал" проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG